Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июнь
2019

Хьаьжа-Мурд, Шемал-имаман наиб …дIавуллучохь

0
Хьаьжа-Мурд, Шемал-имаман наиб  …дIавуллучохь

Шина декъе а екъаелла, къийсалуш ю тахана Дагестан: мила ву, махка чалхаш а еъна, юхадIавуллуш верг, 1852-чу шарахь вийна имаман наиб Хьаьжа-Мурд я цIейоцу кхин стаг?

Керла каш а даккхина, барз хIоттийна Суьйлийн эланийн шахьар лаьттинчу Хунзахан кIоштахь – ЦIелмес юьртахь. Меттигерчу жигархоша чIагIдо, шаьш къайлах Азербайджанера схьа а кхачийна, дIайоьхкинарш ю Толстой Лева шен йозанашкахь вийцинчу наибан Хьаьжа-Мурдан дегIан чалхаш, бохуш. Амма кIезиг теша Дагестанера историкаш юхадIавоьллинарг шен заманахь гоьваьлла ваьхна наиб хиларх.

Хьаьжа-Мурдан децIахь, Хунзакхехь, меттигерчу администрацино бакъ дац элира шаьш долучохь Хаьжа-Мурд юхадIавуллу барам хилла бохург.

Кхидерг ца дийцича, ур-атталла оцу хьокъехь хууш хIума дацара наибан тIаьхьенан цхьана декъанна а. Реза бац бахархой, йина экспертиза а йоцуш, дакъа дIадолларна а, иза Хьаьжа-Мурдан ду бахарна а.

"Хьажа-Мурд – иза шатайпа васт ду. Васташ юхалиста, шеконашка дахка оьшуш а дац", - элира "Кавказ.Реалиига" филологин Iилманийн докторо Атаев Бориса. Хьажа-Мурдан коша тIера лаьттан цинц а бу беза, аьлла хета цунна. "Хьажа-Мурдан даьIахкаш даймахка а еана, дIайоьхкинчара" ца дина иза шайн цIе язъярхьама, боху цо.

ХIинцца даьккхина, адам дIадолла кечдина каш гойтуш даржийначу суьрта тIехь ву гуш Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Омаров Хьажа-Мурд, Кизилюртахь полицин буьйранча лаьттина Заирбеков Асхьаб-Iали, наибан Хьаьжа-Мурдан йоъалгIачу тIаьхьенах волу Гаджимуражов Мохьмад-Арип. Бакъду, царех цхьаммо а дIа ца хьедина шаьш и сурт доккхучу сахьтехь динарг-лелийнарг хIун дара.

Дийцарехь, Азербайджанера дакъа схьа а деана, иза дIадоьллинарш ЦIелмес юьртара кегийнах бу. (Суьйлин ханийн шахьар лаьттина и юрт цхьана заманахь).

Къовсам ца хилийта, шина юьрта юккъехь лаьттачу БатIлаичIехь каш даккхар, стенгахь дIаюллу чалх бохучу вариантех цхьаъ яра жигархошна. ЦIелмесхоша шайн юьртахо лору Хьаьжа-Мурд. Амма Хунзакхерчу наха тоьшалла до иза шайн хиларх. ЦIелмесехь Хьажа-Мурдана эланаша делла цхьа жима цIа а, лаьттан дакъа а дара, ткъа схьавалар  Хунзакхера ду, дуьйцу историкаша.

"Шен 16 шо долчу хенахь ханийн доьзалца хьошалла лело волавелла Хьаьжа-Мурд. Иза Тавулазул тайпанах ву, ткъа ЦIелмесехь вац оцу тайпанера стагга а," – элира "Кавказ.Реалиига" историн Iилманийн доктора Тахнаева ПетIамата.

Амма Тахнаева шек ю кху беттан 2-чохь юхадIавоьллинарг Хьажа-Мурд хиларх.

1852-чу шеран Охан-беттан 23-чу дийнахь Шемал-Имаман агIо лоцуш, шайх дIакъаста гIерта кхо стаг вийна оьрсаша Закаталы юьртанна гергахь – Хьаьжа-Мурд, цуьнан вешин бераш Элдар а, ГIамзало а. Шена "мел боккха го барх, иза бохош, оьшшуче дIавоьдуш хилла Хьаьжа-Мурд", амма шеца болучаьрца цхьаьна кхелхина оцу дийнахь, боху Тахнаевас.

Дийцарехь, хилларг даржо шен гонера теш ца вуьсуш, 300 гIалгIазакхийчух а, кавказхойх вовшахтоьхначу милицех а летта, велла наиб. Цуьнца цхьаьна кхелхина кхо суьйли а, цхьа нохчо а.

Байинчийн кортош баьхна гIалгIазакхаша. Закаталыхь хьаькамалла лелочу Нухьуга дIакхачийна кортош. Хьаьжа-Мурдан корта цигара дIабаьхьна Тифлисе. Карарчу хенахь иза бу Оьрсийчоьнан Iилманийн академин антропологин, этнографин Музейхь (Кунсткамерехь).

Кавказан тIамехь кортош бахар могIара хIума хилла лелла. Хьаьжа-Мурдан воккхахволу кIант Гулла кхаьчна шен да кхелхинчу метте иза вийна 20 шо даьлча. Бухарчу вахархочо Садыка декъий дIадоьхкинчу борза тIе а кхаьчна Гулла. Ца хилла и меттиг кешнашкахь, хилла хьуьнхахь, меттигерчу бахархошна ца хилла бевзаш дIабоьхкинарш, дуьйцу историко Тахнаевас.

Коьллаша хьулбина лаьттачу кхаа кошан борза юккъе экъа хIоттийна Гуллас, яздина, наиб ал-Авари Хьаьжа-Мурд ву цигахь дIавоьллина, аьлла.

Хьажа-Мурдан кошан барз лаьттина бохуш юьйцу меттиг аьхкина 1959-чу шарахь Азербайджанерчу археолого Гусейновс. Йозанца экъа хIоттийначу дитта гергахь эхкарш дIадаьхьна археолого, амма ца карийна чалхаш. Ткъа карийна цунна уьш гена доццуш аьхкича. Цигахь ду Хьаьжа-Мурдан каш, аьлла археолога.

"Амма Гусейновн гIалат ду цунна Хьаьжа-Мурдаца цхьаьна кхин нах а дIабоьхкинийла хууш хилла дацар. Кхаа кошан борзанна Гуллас хIоттийначу экъанна бухахь аьхкина Гусейновс. Ша Хьаьжа-Мурдан каш схьалехна аьлла цо кхайкхийча, Азербайджанан Iедало керла экъа хIоттийна оцу метте, Къоман музейга дIаелла наибан воIа Гуллас хIоттийна экъа", - довзуьйту Тахнаевас.

"Ас вовшашца дуьстина археолого Гусейновс даьхначу суьрташ тIерачу а, схьаеъначу а чалхашкара хьал. Хетарехь, Хунзакхе схьакхачийнарш ю Хьаьжа-Мурдан дIаьIахкаш", - элира "Кавказ.Реалиига" наибан тIаьхьенех волчу Гаджимурадов Мохьмад-Арипа.

Бусалба динехь дIайоьхкина Хунзакхехь чалхаш. ДоIа дина докъа тIехь меттигерчу моллас.

Дагестанерчу бахархойн цхьана декъанна хетарехь, хьашто яцара Азербайджанехь бехаш бусалба нах а болуш, цигара каш хьедан, Хунзакхе сехьадаккха.

Хиллачо холчахIиттийна Закаталыхь беха суьйлий. Даймахкарчу шайн "вежаршца, йижаршца йолу уьйр чIагIйора Хьажа-Мурдан кошо", боху цара.

Гаджимурадов Мохьмад-Арип реза ву ЦIелмесерчу кегийрхоша "дакъа цIадерзорна". Шена хетачунна бух буьллуш, цо дагадоуьйту дин а, ламасташ а девзачу Шемал-Имама, Таркхара цIа а даийтина, имаман ГIеза-Махьмин дакъа Генубехь, винчу юьртахь, дIадоллийтар.

Ала дашна, интернетхоша яздо, Шемал-Имаман дакъа а дара, Маккара даймахка схьа а деана, цIахь коше дерзо дезаш.

Газимагомедов Мохьмад-Арип реза вац яздечунна.  "Шемал – иза шатайпа адам ду, АллахIа кхайкхина цуьнга Макка. Мегар дац цигара каш хьадан, боху Iеламнаха. Мегаш дац, цхьа стаг кхечул тоьлла ву, я эшна ву бохуш вийца. Царех цхьаъ хилла политик, Iеламча, кхетаман да. Важа – тоьлла тIемало", элира Газимагомедов.

Дагахьбаллам а беха Хьаьжа-Мурдан тIаьхьенашкахь – оьрсашкахьа ваьлла церан цIийнан хьалханча олу цхьаболучара.

"Иза шен къам доьхкинарг хилча, стенна гIиртина оьрсийн гIопера вада, стенна вейтина ша оцу бахьаница? Иза шена инарла Воронцовс диначу хьошаллах стенна ца ваьшна, ведда?" - хоьтту Газимагомедов Мохьмад-Арипа.

"Шемал волчу юхаван гIиртина иза, тешна а. Амма хьанна хаьа бакъдерг ма-дарра, вайна къайле ма ю иза," – элира Хьаьжа-Мурдан тIаьхьалончас.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин поздравил москвичей с Днем России





Москва

Уссурийский ЛРЗ подтвердил соответствие международным стандартам, применяемым на производстве железнодорожной промышленности


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин рассказал, как переразметка позволяет улучшить движение на дорогах Москвы



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Баста

В Красноярске рэпер Баста поругался с инспекторами ГАИ и пошел пешком через мост




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Росгвардейцы обеспечили безопасность болельщиков во время матча чемпионата России по регби

Путин приветствовал в России участников и гостей Спортивных игр стран БРИКС

Сотрудники Росгвардии приняли участие в спортивном празднике МГО «Динамо» в Москве


WTA

Касаткина опустилась в рейтинге WTA, Андреева впервые вошла в топ-25



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Россия

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» и ДЕНЬ РОССИИ: успех России в С В О = мир во всём мире?!



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России