ГIизларахь ша-шаха хIоьттинчу гуламехь лецна нах дIахецна полицино
Ша-шаха гулбеллачу Дагестанерчу ГIизларахь хиллачу гуламехь лецнарш дIахецна полицино, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь билгалдаьккхина и нах политикан позици бахьана доцуш, малар а мелла юкъараллан къепе йохорна лецна хилар.
Мангалан-беттан 10-хь Нохчийчоьнан дозанехь лаьтташ йолу некъан билагало дIаяьккхинера муьлш бу ца хуучу наха, де хьалха социалан машанашкахь яржийначу видеонна жоп луш. Цу видеона тIехь Дагестанан цхьана вахархочо гайтира "Нохчийн Республика Шелковски кIошт" тIе яздина некъан билгало. Цунна хетарехь, иза тоьшалла дара "ГIизларан территорех Нохчийн Республикан территори хиларан".
Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада шен Inctagram-хь дIахьедар дира, билгало шен метта дIахIоттор ю ша, ткъа полицино къастор ду иза бухаяьккхинарг мила ву аьлла. Дагестанан Iедалан векалшца цхьаьна иза шинарин дийнахь хилира инцидент хиллачу меттехь. "Шина республикана юкъахь гIурт хиларна бехке ду ГIизлар гIалин куьйгалла", - бохуш вара Даудов.