Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июнь
2019

Нохчийчоь – Дагестан: Некъаца лаьттачу бIогIамо эккхийтина инцидент

0
Нохчийчоь – Дагестан: Некъаца лаьттачу бIогIамо эккхийтина инцидент

ДIадаханчу оршотдийнахь юха а айина нохчийн-дагенстанхойн дозанийн тема. Иза марсаяьккхира интернете йиллинчу цхьана видеоно: бохийна гойтуш бара Шелковскан кIошт а, ГIизлара а дIасакъаьстачохь лаьтта некъан бIогIам. Шайн лаьттан кийсак лулахоша долаерзийна аьлла, орца даьккхира гIизлархоша. Хабар даьржича, уллехь бехачу наха шолгIа гIуркх а дIабаьккхина, еса йитира и лаьттина меттиг. Иккхина инцидент ерзон ГIизлара бахара шина а республикера Iедалхой. Хилларг листира цара бIеннаш дагестанхошца цхьаьна.

Дехха лаьттина къамел жамIе далош, ший а агIо кIера хилира, шаьш тIехь лаьттарг нохчийн латта хиларх.

Амма юха а бохийра бIогIам. "Иза тхан латта ду. Оха цхьаьнцца а ца къуьйсу. <…> ХIун дан гIерта и нах? Шуна тIом беза?" - дIахьедира рогIехь дозан билгало муьлш бу цахуучара йохор ца тайначу Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада кхаарийдийнахь.  

Бакъду, де хьалха дозанах лаьцна Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира довзийтинера шена инцидентах хетарг. "Барт ца бохийна: некъан гIуркхаш нохчийн агIоно шен территори тIехь хIиттийна", - элира цо.

ГIизларарчу администрацин пресс-гIоьнчас Салихова Селминаза "Кавказ.Реалиица" динчу къамелехь билгалдаьккхира шайн гIалин Нохчийчоьнца цакъестамаш банне а бац, "доза стенгахь ду хаьа дукха хан ю", аьлла. Цунна хетарехь, хила беззачехь лаьттина цхьамма хьашт доцуш бохийна и бIогIам.

Iедалхоша а, гIизлархоша а бинчу къастамах тоам цахилларш а бевлла Дагестанехь.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза билгалдоккхучу Юкъараллин комиссехь ву регионерчу географин юкъарлонан куьйгалхо Гаджиев Зураб. Цунна гарехь, некъаца лаьттачу гIуркхах "моттаргIа" а йина, Дагестанера кхин кийсак ю Нохчийчоьно шена ерзош – Таловка хи Ширачу Терках кхетачохь лаьтта аса.

"Зазадоккху-беттан 16-чохь цара (нохчийн агIоно – ред.) хил дехьара и можа аса кадастре яьккхина. Вайн лаьттан кийсак царна тIеязйина. Иза низаме дерзо бохку уьш. Амма оцу латта тIехь бехачарна хаьа и дагестанхойн латта дуйла", - элира Гаджиевс "Кавказ.Реалиига".

Гаджиевна хетарехь, Даудовна "бахьана даьлла, шеца герзахой а болуш республике а веана, лаьтте йолу шайн претензи охьайилла", аьлча а, "ГIизларца юкъаметтигаш къасто". Гобаьккхина Дагестанан территори тIехь лаьтта дакъалг ду провокацина бух белларг, боху юкъархочо.

"Бакъду, бохийна бIогIам лаьттинчу меттера дIа 50 метр латта церан (нохчийн – ред.) ду. Дика ду, ши бIогIам хIоттабе тIаккха, дехьа а, сехьа а. Мичахь йолало шун территори, мичахь чекхйолу? Оцу 50 метрна бIаьргнегIар тоьхна валале тIехъоьккху, хIинццалц цхьаммо а тергал а ца йинера и меттиг", боху Гаджиевс.

Дагестанера интернетхой, машанашкахь хьал дийцаредийраш доккхачу декъанна дозанийн къестамашна бац луьйш – уьш кхаьрда ГIирзларца къамел дан Даудов шеца "теттина герз а дохьуш", "тIамна кечйинчу машенашца" варах. Ца тайна дагестанхошна луларчу мехкан хьаькамо, шена уллехь Дагестанан куьйгаллера нах а лаьтташ, ГIизлара гIалин куьйгалхой чехор.

Даудовс динчу къамелера ду цо ГIизларан кIоштан дега Погорелов Александре аьлларг: " Ас массо а болуш дIабоху хьоьга, кхузахь хIара гIурт эккхийтинарг, Нохчийчоьнний, Дагестанний юкъахь, ГIизлара гIалин администраци ю хьуна. Суна хаьа кху сахьтехь, шун хьуьнан бахамо шу кхеле деллийла, ГIизлара гIала, Рослесхозехула (Оьрсийчоьнан хьунан бахаман урхаллехула)".

Социалан машанашкахь, боьха-цIена ца къестош, эккхийтина гIара тидаме эцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Шена а, шен доьзална а луьйш, къам а бехдеш, девне комментареш язъечун "пIелгаш кегдийр ду, мотт бухабаккхур бу", элира цо.

Реза бац, ца теша Дагестанера жигархой шайн Iедалх а. ГIизларарниг санна йолу инцидент иккхича, иза листа мехкан юкъара кхеташо кхолла еза, боху цхьаболучара.

"Доза къасточу комиссино а, Iедалан информацин хьасташа а шайх чекх са гайтина, кхиболу жоьпалле нах ца бийцича а", - аьлла дIахьедина Дагестанан гIаланашкара, кIошташкара ГIизрлара яхначу жигархойн тобано.

Ша "дагестанхойн гIуллакхаш дийца" шеца Нохчийчу баха кхайкхинера цIейолу нах, амма "республикерчу цхьаммо а жоп ца делла" шена, чIагIдо Дагестанерчу жигархочо Хадулаев Шемала.

Нохчийчоьнан-Дагестанан доза къасторхойн тоба кхоьллина 2019-чу шеран Дечкен-бутт бовш. Шина мехкан векалш вовшахкхетта маситтаза. Охан-баттахь Iедалхоша ханна сацийра дозакъастор.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин. Главное за день





Москва

Завьялов Илья Николаевич про недооцененные токены


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин поздравил москвичей с Днем России



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Сергей Рахманинов

Всенощное бдение Рахманинова исполнят в Исаакиевском соборе в День России




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

15 июня в Ростовском городском шахматном клубе на Газетном, 92 поведут рапид памяти международного гроссмейстера Сергея Аслановича Бешукова

В районе Вороново появится новый крупный стройкластер

Путин приветствовал в России участников и гостей Спортивных игр стран БРИКС


Мария Шарапова

Мирра Андреева может стать новой Марией Шараповой



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Горожан пригласили отметить юбилей взятия Парижа в парке «Митино»



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России