Шемахь кIелхьардаьхна нохчийн бераш дIакхачийна Соьлж-ГIала
![Шемахь кIелхьардаьхна нохчийн бераш дIакхачийна Соьлж-ГIала](https://gdb.rferl.org/8CE8BA41-1A6F-4D7F-B5E0-0E38C52DE883_w800_h450.jpg)
Москох Внуково далийна Шемарчу мухIажарийн четаршкахь латтош хилла нохчийн бераш дIакхачийна кеманца Соьлж-ГIала, хаам бо "Грозный" телеканало. Юьйцург ю УльбиевгIера 5 йоI - ПетIамат а, Малика а, Зайнап а, Рукъият а, Iайша а. Уггар жимачу йоьIан ду 2 шо.
И бераш цIадерзо леррина тоба кхоьллина хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Теркйистехь бехачу церан гергарчеран дехарца. Кадыровс шен Инстаграмехь билгалдаккхарехь, цу берийн дай-наной кхелхина Шемахь боьдучу тIамехь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо далочу терахьшца, 2017-чу шеран аьхка дуьйна Шемара а, Иракъера а Оьрсийчу цIаверзийна 158 стаг - 137 бер, 21 зуда. Царах 37 бер а, 10 зуда а ю Нохчийчуьра.