Товхахь санна йовха ю Европехь
![Товхахь санна йовха ю Европехь](https://gdb.rferl.org/708117fa-80d2-48cf-b062-7ac423b898b3_tv_w800_h450.jpg)
Наггахь бен ца хIутту бурко ю Европехь. Масала, Целсин барамца 40 градусе кхоччуш йовха хир ю Францехь. Хила тарлучу хьовзамашна духьалхIитта кечамбаре кхайкхина президента Макрона лоьраш а, социалан белхахой а. Хьашто а йоцуш, дийнахь арахула цалелар дехна Белгин бахархошка цигарчу Iедало. Малх дегIах ца болийта, фонтанаш чохь луьйчуш го Германера цхьаболу бахархой.