Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2019

" Оха цхьа а ца во республикера дIаваха декхаре"

0

Филиппович Екатерина

Нохчийчоьнан пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпанин директорца Дудаев Ахьмадца къамел хилира "Кавказ.Реалиин". Цо дийцира, муха, стенна Iедалан телеканале а даладой,  "кхетам ло" берашна, хIун пайда бохьу оцу кепо.

Дагайоуьйту массех де хьалха телеканалехула 16 шо долчу кIанте ша Instagram-ехула Iедалх вон дош аларх къаронаш яйтар.  Ахматов Мохьмад вара "бехкала ваханарг" – цо велха а воьлхуш, къинтIерадовлар дийхира, бохура шена машанехь кIон комментареш язъян хьехнарш "Европе а, Шема дIабахана болу нах бу". 46 минотах лаьттачу сюжетехь дуьйцу, кIанта язйинчу комментарешкахь экстремизм кхуллу ойланаш ю, иза цо шеггара ца дина, йозанаш зуламечу порталашкара схьаэцна, бохуш.

Кхин а де даьлча "Грозныйн" YouTube каналехь араелира цунах тера рогIера сюжет: Инстаграмехь "вон хIуманаш" яздарна "кхетам цIанбан" валийнера иза а.

 

– Ахьмад, дIадахначу кIиранах "Грозный" телеканалехь масситта сюжет араелира, кегийрхошна дов деш, инстаграмехь цара дитина "оьзда доцу" йозанаш емалдеш. И кеп стенгара яьлла? Хьалха ма ца кхуьйлура бераш дов дан эфире…

– Иза довдар дац. ТIекхуьу чкъор массо а хьесапехь кхетош кхиор ду. Кхечу регионашкахь, кхечу мехкашкахь хIора а жимчу стеган яц таро, масала, мехкан лаккхара хьаькам ган йиш… Муфтий вуьйцу ас. Гира-кх хьуна, и жима стаг муфтийца цхьаьна вара . Цунна [кхиазхочунна] доккха сий ду иза. Муфтий мукъа стаг вац, дукха болх бу цуьнан. Амма мехкан дай шаьш богIу наханна тIе, дуьйцу, кхетабо… Дика дац иза? Оьздангаллица кхетош-кхиор ду иза.

ХIун хилла, оцу кIантанна таIзар дина, чувоьллина, хIун дина? ХIумма а ца дина. Иза кхетийна, тIейогIучу ханна цхьацца динан агIонаш нийса йовзийта. Оха массо а кепара бо кегийрхой кхетош-кхиош болх – эфираш ю кеп-кепара, рубрикаш ю, оцу маьIнехь сюжеташ йо керлачу хаамийн декъахь. Иза довдар дац.

– Сюжетехь боху, 16 шо ду оцу кIентан. Оьрсийчоьнан низамаша ца магадо 18 шо кхачанза долу бер, церан дегара, ненера пурба а доцуш, эфирехь гайта.

– Иза дегара, ненера пурба а даьккхина гойтуш вара. Да-нана а дара цуьнца. Нана хилла а ма ца Iа жоп луш. Тхан цхьа Iадат ду, тайпан хьалхара стаг коьртаниг а волуш, хьуна девзий иза? Да-нана доцург, и стаг а вара цаьрца. Уьш массо а баьхкинера, цара гайта а магийнера.

И кхиазхо Iехийна, цо экстремизм яржайо йозанехь, ткъа наханна моьтту цхьа Iелам стаг ву, тергамча ву, аналитик ву иза яздийриг. Ткъа цо, шен кхетам бацаре терра, схьаоьцу наха яздинарг, иза шеггара долуш санна охьадуьллу шен агIоне. Воккхачо доьшу иза, и хьекъале экстремистан йоза, кхеташ ду, иза цхьамма Iехина ву. Яздийриг динах хIума хууш болу Iеламнах а ма бац, зеделларг долуш политикаш а ма бац.

– Хьуна хетарехь, мел оьзда ду кхиазхо гайтар? ХIинцачул тIаьхьа республикехь ваха проблемаш хир ма юй оцу кIентан.

– ХIан-хIа, мелхо а и болх цуьнца ца бинехь, хила тарлора цуьнан низамца проблемаш, иза галвала тарлора, цхьана хьаштдоцчу организацина юкъаваха тарлора. Проблемаш хIинца хир яц-кха цуьнан – цунна нийса некъ гайтина. Иза вуно оьзда болх а бу. Тхан Iадатехь муха дара хаьий хьуна? Жима стаг галваьлча, гергарнаш, тайпан нах, юьртахой гул а лой, цара дийцаре деш хилла и хIума. Иза дика некъ бу, кIант сийсаз ца во цхьаммо а. Хьо сюжете дикка хьаьжинехь, со тешна ву хьо леррина хьаьжина цуьнга, хьан тидам бойла ду, иза цхьаммо ца во сийсаз. Республикан муфтис, ларамечу Межидов Салахьа, хIора коментари листа а луьстуш, хьехам бо.

– Ткъа аш а ма бо цунна "хьехам". Аш боху, цуьнца цхьаъ уьйрехь хилла, язъе баьхна цуьнга и тайпа комментареш. Иза баьхнарг "дозанал арахь ву" ма боху аш. Стенна ца тарло кIантан шен кхетам хила, шен ойла цо йовзийтина хила? 

– Цо ша дуьйцу-кх оцу сюжетехь, муьлхачу ресурсашкара ша копи яьккхира, юха и текст муха дIахIоттийра [нехан йозанна буха. Ас цуьнга элира, схьа ма эца нехан информаци, иза мел бакъ ю, иза мел нийса ю хьайна ца хаахь. Иза воккха хилча, низамашца гаравала тарло, я массо а агIор Iехаван тарло.

– Ткъа йирий оцу текстан экспертиза?

– Цо цигахь шалхо а йоцуш ма кхойкху экстремизме, оха гайта ма гатира иза эфирехь. Йира дера экспертиза-м. Иза муха карийра? Дийнна дакъош ду низамхошлахь интернет-аренаш тергалъеш. Iорайоху цара шайца экстремизм йолу тексташ, оцу аккаунташца, блогашца болх бо, гучубоху яздийраш. Иза низамо ма-хьоьхху беш болх бу.

– Суна евза, "Грозный" телеканахула гайтина, нахана хьалха юьхьIаьржа хIиттийна бахархой республикера дIабахана меттигаш. Оццу хьоле хIоттийна аш и жима стаг а, хьуна ца хета ишта?

– Хилла дац иштаниг. Я иза юьхьIаьржа хила оьшуш хIума а дац. Эхь дера дара цунна а, цуьнан цIерачарна а иза цхьа зулам дан араваьллехь, цо цхьа экстремизмца, террорца доьзна хIума динехь. Иза дара-кх эхь. Ткъа кхузахь нийсачу новкъа ваьккхина стаг, цо кхетийна дерриг а, дац цигахь эхье хIумма а. Бакъдерг ду хьуна, цхьа а ца во республикера дIаваха декхаре. Тхуна гучу суьртаца, хIора шарахь иттаннаш эзарнашкахь цIаоьхуш бу Нохчийн Республике. ТIедогIучу шарна бюджет кечъеш, терахьаш ду хIиттош, мел оьшу деша меттигаш, мел гIо оьшу наханна – цIаоьхурш алсамбуьйлу хIора шарахь. Бу могашалла бахьанехь, я цхьа бизнес-проектца доьзна, я шайн гергарнаш болчу садаIа леларш.

– Аш сюжет йиначул тIаьхьа балха ца оьцуш буьсу нах бийцича? Алал, хьан дIаоьцур ву и кIант болх бан, воккха хилча?

– ДIаоьцу дера. ДагадогIий хьуна, оха цхьана йоьIах лаьцна дийцира-кх - цIе йицъелла суна – Москох цхьана бакъоларъечу организацин караяханера иза. И сюжет а ю аьлла хета хьуна оцу могIарара?

– Суна хетарехь, иштта атта йийццал сюжет а яц иза.

– ТIаккха гой хьуна, оха телевидене дIаоьцуш ю-кх и йоI. Иза Москох журналистикан факультетехь доьшуш хиларна, иза зеделла журналист хиларна.

– Ткъа цо кхоалгIачу курсехь дита ма дитина дешар, цуьнан дас-нанас документаш схьа а эцна…

– Документаш схьаэцна - ца эцна, иза суна ца хаьа.  Москох, тоьллачу меттехь, цо массех шарахь журналист дешна хилча, тхуна пайде хир ду-кх цуьнан хаарш, зеделларг. Ас иза стенна боху аьлча, оцу кIентан а хир яц цхьа а проблема, цунах,  иза сийсазвеш, цуьнан доьзал емалбеш аьлла хIума дац. ТIейогIучу заманахь гал ца валийта, кхетош-кхиоран болх бина-кх цуьнца.

– Маца дуьйна гойла хир ду Сугаипова Заира эфирехь?

– Ас сайга далалуш долу жоьпаш делла, хIинца со сихха аравала веза, мегар дуй?





Губернаторы России
Москва

Собянин расширил программу стимулирования создания мест приложения труда





Москва

Стрелявших у Кремля мигрантов пытается оправдать диаспора: Просто "шалость"


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин поздравил жителей Москвы с Днём России



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Сергей Брановицкий

Релиз трека. Релиз новой песни. Релиз сингла. Релиз Музыкального альбома.




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Файзуллаев рассказал, что тратит порядка $5 тысяч за месяц жизни в Москве

15 июня в Ростовском городском шахматном клубе на Газетном, 92 поведут рапид памяти международного гроссмейстера Сергея Аслановича Бешукова

Путин: Игры БРИКС принимают самобытные и современные Казань и Москва


Александр Зверев

Испанец Алькарас выиграл у Зверева и стал победителем Roland Garros



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Стрелявших у Кремля мигрантов пытается оправдать диаспора: Просто "шалость"



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России