Туркойн кеманан тIехь летта Оьрсийчуьра некъахой
Интернетехь видео гучуяьлла Истанбулера Екатеринурге доьдучу туркойн кеманан тIехь Оьрсийчуьра некъахой леташ яьккхина йолу.
РИА Новости агенталло бинчу хаамца, инцидент хилла некъахой шай-шайн метте охьаховшош. Гиначара дийцарехь, буй-тӀара долийна зудчо, цунна тIехIоьттина цхьа стаг.
Видео тIехь гуш ду леташ болу нах дIасабаха гIерташ 5 некъахо хилар. Болчу хаамца, леттачарах 3 стаг охьаваьккхина кенманан тIера.