«Дадин берзалой» мультфильман 4 сери яьккхина ваьлла Гуьмсера ша Iемина говзанча
Маршо Радионо дийцина ма хиллара, Гуьмсера ша Iемина говзанча Шамилов Сахьаб нохчийн маттахь маситта декъах лаьатта «Дадин берзалой» мультфильм йоккхуш ву. Арахьара кхин гIо деш стаг а воцуш, шен цIахь ша вавшахтоьхначу студехь, компьютеран графиках пайда а оьцуш, цо хIинцале а арахецна 4 сери, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
31 шо долу Шамилов болх бина ву меттигерчу телевизионехь. Мультфильм яккха алсам хан хилийта, балхара дIа а ваьлла, цу тIехь къахьоьгуш ву иза, сурташ дохуш а, видео йоккхуш а юкъа-кара болх а беш.
Шамиловс йоккхучу мультфильмехь дуьйцуш ду берзалойн доьзалх лаьцна. Дедех а, дененах а, дех а, ненах а, кхаа берах а лаьтташ болу доьзал бехаш бу хазачу берзалойн махкахь.
ХIора серехь дуьйцуш ду бер кхиош пайда бохьур болчу гIиллакхех а, дахаран кхетамех а.