Некъахьовзамехь ялх стаг велла Нохчийчохь
Къилбаседа ХIирийчуьра, Краснодар махкара "Лада-Гранта" а, Chevrolet Lacetti а вовшахкхетта, ялх стаг велла "Кавказ" трассин Нохчийчуьрчу декъа тIехь.
Бохам нисбелла Соьлж-ГIалин кIоштахь.
Болучу хаамца, цхьа машен шен асанна тIера а яьлла, дIакхетта дуьхьалйогIучу машенах.
Машенаш чохь хиллачу нахах дийна ца висина цхьа стаг бен, дарбан цIийне виллина иза.