Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Декабрь
2021

Кадыровн йоI 10 шо кхачарца декъалйина меттигерчу министраша а, ансамблша а, ницкъаллин структураша а

0
Нохчийчуьрчу Iедалан лаккхарчу даржашкарчу наха инстаграмехь флешмобца даздина, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоьIан Кадырова Ашурин 10 шо кхачар. Цунна тIе тидамбахна Кавказ.Реалиин редакцин. Йинчу денца Кадыровн йоI декъалйина "спецназан" полкан командира а, масех министро а, бюджетан хьукматаша а.


Шен йоIан юбилейх лаьцна "ВКонтакте"социалан машанехь яздина ша, республикан куьйгалхочо а, доьшуш а, кIуран Iамош а, денанна а, нянина а бахамехула гIо дарехь цуьнан болу кхиамаш билгал а бохуш.


ЙоI декъалъеш яздина кхечарца цхьаьна Нохчийчоьнан Iедалан гIандас Хучиев Муслима а, республикерчу парламентан спикера Даудов Мохьмада а, информацин министра Дудаев Ахмеда а, къинхьегаман а, Нохчийчоь социалан кхиаран а министра Баширов Усмана а, Соьлжа-ГIалин кIоштан куьйгалхочо Абазов Рустама а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а гIуллакхийн урхаллин куьйгалхочо Шамилова Хьавас а, Кадыров Ахматан цIарахчу полицин спецназан полкан командира Оьрсийчоьнан турпалхочо Чалаев Замида а, Нохчийчуьрчу МВД-н бахаман а, сервисан а токхо яран Центран хьаькамо Сулейманов Романа а, Соьлжа-ГIалин Октябран кIоштан куьйгалхочо Исмаилов Русланбека а.


Флешмобах дIакхетта иштта Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, Соьлжа-ГIалин Висаитовн кIоштан бахархойн социалан гIуллакхаш кхочушдаран комплексан центр а, ГТРК "Вайнах" а, пачхьалкхан фолклоран эшарийн а, хелхарийн а ансамбль "Нохчо" а, "Заманхо" ансамбль а, Соьлжа-ГIалин № 1 йолу клиникин дарбан цIа а, ТIехьа-Мартан кIоштан администраци а.


Церан тексташ тайп-тайпана ю, амма царна бухехь цхьаъ ду: йоIан тайп-тайпана похьмаш хестор, иза дешарца ларош хилар а, оьзда а догцIена а хилар а.


Лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхоша иза йинчу денца декъалйора хьалхарчу шерашкахь а. Амма цу хенахь зорбан гIирсаша яздора Кадырова Ашура 2012-чу шарахь ГIура-беттан 12-хь бохуш.


"ХIокху постийн хьовха, амма кхечу а кхутайпачу кхечу постийн а (масала, Кадыровна гIортор еш, цо цхьана агIор Сокуровца дIахьучу девнехь) цхьатера стиль хиларо гойтуш ду Кадыровн гонна, оьшуш хилахь, урхалладеш хилар цхьацца леррина билгалбаьхначу наха. Бу-дера цхьацца нах, иза шайн лаамехь деш а, амма уьш энтузиасташ бу, цуьнан гонера нах бац. Доцца аьлча, иза секта ю, шайн билггала низамаш а, декхарш а долуш, царах цхьаъ ду Кадыровн гергара нах декъалбар", - комментари йина оцу флешмобана, Кавказ.Реалиин дехарца нохчийн оппозицин 1ADAT боламан векло.


Жигархой тешна бу, цу тайпа дуккха а наха Кадыровн доьзалера а, гергара а нах декъалбар вовшахтухуш хиларх, цо ша хьахадой а, къобал дой а, цунна хазахета оцу наха шена шаьш "лайн амалан кепехь муьтIахь хилар а, ташаме хилар а гойтуш".




 






Губернаторы России





Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России