Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Декабрь
2021

Сокуров СПЧ кхеташонна юкъарваккха веза, боху "нохчийн бакъонашларъярхоша"

0
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу гражданийн юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонашкахула а йолчу кхеташонан декъашхоша, Оьрсийчоьнан президента Iуналла дечу Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонна юкъарваккха веза аьлла, кхайкхам бина режиссёр Александр Сокуров. Оцу кепарчу инициативица кхайкхам бина Президентан Кхеташонан (СПЧ) гIантдега Фадеев Валерийга, Нохчийчуьрчу СПЧ-н гIантдас Алиев Тимура.



"Оцу кепара ларамечу органехь Оьрсийчоьнан хьашташна ямартхо, пачхьалкхана дуьхаьл ойланаш йолу,  ксенофобин хьажар долу стаг хуьлийла доцун дела", - аьлла яздина ду Алиевн кхайкхамехь.


Оцу кепара дIахьедар даран бахьана ду Оьрсийчуьрчу режиссера Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хиллачу цхьаьнакхетарехь Кавказера хьал хьахош дина дина къамел.





Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхошца хиллачу онлайн-цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан президентан а, кинорежиссеран Сокуров Александран а шога къамел хиллера, Оьрсийчохь Iитталучу дуккхаъчу проблемех лаьцна цо дIа а хьедеш, пачхьалкх хийца еза аьлча. Сокуровн къамеле а, цунна Путина деллачу жоьпе а хьажа аьтто бу Кремлан сайта тIехь зорбане яьккхинчу видеохь, (стенограммехь зорбане яьккхинчу видео тIехь хIара дискусси цкъачунна яц ).
Шен къамел долийра режиссеро чоьхьарчу Оьрсийчоьнан политикех лаьцна, беза мах цуьнан хилар хьахош, Беларусь а, ша шен суверенитет дIакхайкхийна Къилба ХIирийчоь а, Шема а пачхьалкхо "латтош" хилар билгалдоккхуш. Иштта режиссеро критика йира карарчу хенахь Оьрсийчоьнан дIахIоттамна, большевикийн политикан тIаьхье хиларх дIа а хьедеш.
Сокуровна хетарехь, Оьрсийчоьнан декъехь а йолуш, "къаьмнийн башхаллаш" лелайо цара, церан шайн "эскарш" ду, "паччахь" ваьлла церан. "Федераци ю, ткъа стенга яхна Оьрсийчоь?"- хаьттира Сокуровс.
Уггар а йоккха проблема лерира цо Къилбаседа Кавказехь долу хьал, доккхачу декъанна, Нохчийчоьнна мехкан дозанан дакъош дIаделлачул тIаьхьа йолийна ГIалгIайчуьра протесташ хьахош, оцу тIехула лаьцна латточу протестан лидерийн цIераш а йохуш, уьш маьршабахар тIе а дожош.
Иштта Сокуровс аьлла, федерацехь "дукхахболчарна оьрсий ца безаш санна" шена хетарх. "Вайх дIакъаста лаьа", - элира режиссеро, шен къамелаш хиллачу Кавказерчу бахархошна хетарг чоьте а оьцуш.
Сокуровс хьахийра пачхьалкхехь ницкъаллин структурийн "политизацех" а, жигара бахархойн позици бахьана долуш кегийрхой леца оьшуш цахиларх а, "ницкъе, жигара оппозици" эшарх а, коммерцица йоьзна йоцчу организацешна тIаьхьабевлла лелар а сацон деза аьлла.
Режиссеро дагаяийтира Путинна, ша шена тIе куьйгаш даьхьна, елла журналист Славина Ирина а, бакъоларъярхошна хетарехь, бух боцчу гIуллакхна тIехула чохь латтош волу историк Дмитриев Юрий а, талламхойн тергонехь латтош волу политик Резник Максим а, зорбан гIирсашца а, коммерцица йоьзна йоцчу организацешца лелон дискриминаци, уьш "арахьара агенташ" а лоруш, пачхьалкхера кегийрхой дIаоьхуш хилар а, - кхайкхамбира президенте ойлаяхьара аьлла, хIун нийса дац пачхьалкхца, стенгахь хуьлуш ду хIара дерриг а.


 






Губернаторы России





Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России