Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Декабрь
2021

Нохчийчохь нах лечкъорна дуьхьал акци дIаяьхьна Венехь

0

Дозанал арахьа бехарш Оьрсийчу дIахьийсорна а, Нохчийчохь нах лечкъорна а дуьхьал митинг хIоттийнера Венерчу Адамийн бакъонийн майданахь. Австрехь бехачу Ичкерин векалша вовшахтоьхначу акцехь дакъалецира 20-х стага гергга.

Нохчийчохь кхел йоцуш нахана тIехь лелочунна Евробертан Iедалхойн терго тIеозош, Оьрсийчохь байъа, Iазапаш хьегийта кхерам лаьтта нохчий дIа ца балийтар доьхуш плакаташ дара церан карахь.

"Кеп-кепарчу зерашца, 200 сов стаг ву махкахь лачкъийнарг. Йоллу Нохчийчоь кхерамо дIалаьцна хиларна, хаа йиш яц билггал маса стаг ву дIавигинарг. Билгалдаккха догIу, Нохчийчохь дIахIоттийначу оьрсийн Iедалхошна дуьхьалболчийн гергарнаш дIалехьийнера йоллу Оьрсийчоьнан территори тIехь, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан дозана тIерачу гIело латточу центрашка дIакхачийнера уьш", - аьлла митингехь хиллачу жигархочо Ипаев Хьамзата.

"Оккупаци йинчу мехкан Iедалхоша масийттазза дIахьедира, Нохчийчоь уггар а маьрша, паргIат регион ю Оьрсийчохь аьлла. Делахь а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан официалан зерашца, тIаьххьарчу кхаа шерачохь регионехь доьза вайна пхи эзар гергга стаг. Йоллу пачхьалкхехь а лакхара гайтам бу иза. Йиллинчу хьасташкара тхуна хааарехь, цунах доккхахдолу дакъа дайна  Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу ницкъаллин структураша лелийна зуламаш бахьана долуш. Дуккха а масалаш дало йиш ю, хьахор вай, иллиалархо Бакаев Зелаимхан, блогер Тепсуркаевн Саламн, иштта кхин дIа а, тIеман барзакъца а, герзашца а болчу наха дIалецначул тIаьхьа тIепаза байна уьш, йа церан декъий керадора", аьлла тIетоьхна Австрерчу Ичкерин векало Дунаева Розас.

Кхечу къамел дечара а дийцира Нохчийчохь ницкъбарх а, адамо кхетор йоцу методаш лелош хиларх.

Нохчийчохь Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш лечкъорна а, иштта йоллу Оьрсийчохь бакъонашларъярхошна Iаткъам барна а дуьхьал акци дIаяьхьира нохчийн диаспоран векалша Норвегин парламентана хьалха Ослохь. Де хьалха бен хаам бина ца хиллера барам хIоттош хиларх, цундела дукхахболчу жигархошна тIаьхьо бен ца хиънера цунах лаьцна. Майданахь вовшахкхеттера 50 гергга стаг.

Лечкъийра нах ГIуран-беттан 21 -25-чу деношкахь, буьйсанашкахь ерриг а Нохчийчухула. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а.

ГIуран-беттан 23-чохь шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг. Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакара а дIахьедира, шен ден а, ненан а агIора 40 гергга стаг дIавигарх лаьцна.

Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна хилла видеоматериалаш гайтира меттигерчу телехьожийлехь, яржийра инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.

Нохчийчохь нах лечкъийна хилар лач хьахийра Кадыровс йоьдучу пресс-конференцехь, амма тIе ца дитира цунна юкъара ша хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, и нах идорна тIехьа хила тарло, "блогерша а, бакъонашлархъярхоша а вас йина нах". Амма цIерашца а, масалшца а ца бийцира цо ша хьахийна нах.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Инвестпортал Москвы станет основой для всероссийской площадки





Москва

В Москве прошла Премия-практикум «Харизма Года»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Филипп Киркоров

«У него и так всё получится». Филипп Киркоров отказался поддерживать Даву в финале шоу «Сокровища императора»     




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)


Стефанос Циципас

«Он никогда не снимается с турниров». Циципас прокомментировал травму Джоковича



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Симферополь

Глава Росавиации: возобновление работы закрытых с начала СВО аэропортов пока не ожидается



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России