Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июль
2022
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13 14 15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25 26 27 28 29
30
31

Севастополера спортан школана Кадыров Ахьмадан цIе тилла лаам хиларх дIахьедина Нохчийчохь

0
Севастополера спортан школана Кадыров Ахьмадан цIе тилла лаам хиларх дIахьедина Нохчийчохь

Севастополерчу спортан школана Кадыров Ахьмадан цIе тилларх информаци зорбане яьккхина нохчийн хаамийн гIирсаша. Барт хиллера иштта, схьадийцарехь,  Севастополерчу делегацин Куьрчала кIоштан администрацица хиллачу цхьанакхетарехь.

"Вайн хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах спортан школан цIе хийца лаам хиларх хаийтира хьешаша. Кху заманан йоллу пачхьалкхан исторехь висинчу вайн къоман хьалханче боккха ларам хилар ду иза", - далийна Куьрчала кIоштан администрацин куьйгалхочун Ирасханов Асламбекан дешнаш «Чечня Сегодня» агенталло.

Аннекси йинчу ГIирмин а, Севастополан а зорбанан гIирсашкахь а, иштта, цIе тилла лиъначу меттигерчу номер 7 йолчу спортан школан сайтехь а информаци яц цунах лаьцна, ур-атталла Нохчийчу бахарх лаьцна а.

Стохка дIакхайкхийнера, Боснера а, Герцеговинера а кхо гIала Нохчийчуьрчу гIаланашца вежаралла долуш хир ю аьлла. Дийцарш хилар бен кхин гена ца дахара и дIахьедар. Цул совнах, Сараевн мэро хаамбира, вежараллех лаьцна цхьана а кепара официлехь процедураш шайгахьара хилла яц аьлла.

Сербихь дош деллера Кадыров Ахьмадан цIарах цхьахболу урам хилийта, иштта реза хилира цуьнан цIарах КъорIан Iамош школа ян а – Оьрсийчуьра ахчанах. ХIетте а, иштта школа ярх инициатива цаьргара яра аьлла, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь яржийна информаци Сербихь бакъ ца йира.

Къилбаседанерчу Македонихь йолчу паркана Кадыровн-воккхахволчун цIе тилла а тIелецира. Боснихь, хьалха дуьйна Боснин а, Герцеговинан а хилла кIошт, Кадыров-ден цIе тилларх дийцира, ткъа Кадыровн-кIентан цIе – тIайнна.

Кадыров Ахьмадан цIарах тIай ду Санкт-Петербургехь. 2016-чу шарахь елира цунна цуьнан цIе, бахархой дуьхьал боллушехь.

Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош 300 урам бу республикехь, Соьлжа-ГIалара коьрта майда а, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, «Новая газето» Чиллан-баттахь хаамбарца, шен ларми чохь дуккха а нах байина Росгвардин полк а. Президентан цIарца Ахмат-Юрт аьлла, хийцира иза ваьхначу эвланан цIе а. Цул совнах, махкахь футболан а, латархойн а клубаш ю, иштта, 2020-чу шеран ГIуран-баттахь дуьйна Америкерчу финансийн санкцйин тептаре язйина Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Соьлжа-ГIалин урамашкахь дIадиттина карадо Кадыровн портреташ.

1995-чу шарера 1999-чу шаре кхаччалц къобалъязчу Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин муфтий вара Кадыров Ахьмад. Цул тIаьхьа оппозици а ваьлла, федералан эскаршна тIетайра иза. 2003-чу шарахь Нохчийчоьнан президент хаьржира иза, амма 2004-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Соьлжа-ГIалахь йинчу кIелонехь вийра.





Губернаторы России
Москва

Собянин перечислил самые популярные виды туризма в Москве





Москва

Сотрудники Росгвардии обеспечили безопасность встречи Благодатного огня в Москве


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин поздравил православных христиан с Пасхой



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Полина Гагарина

Полина Гагарина опровергла «уход на пенсию» и рассказала о новом рубеже




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

На площадках «Московских сезонов» работают шесть скейт-парков и роллердром

Шесть скейт-парков и роллердром работают на площадках «Московских сезонов»

Московское "Динамо" возглавило турнирную таблицу РПЛ


WTA

Свентек выиграла титул WTA в Мадриде



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Галина Янко: главные традиции и приметы Пасхи



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России