Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

ГIебарта-Балкхаройчохь балкархой цIерабахар дагалоцуш барамаш хIиттийра

0
Зазадоккху-беттан 8-хь 79 шо кхочу советийн Iедало балкхарой Йуккъерчу Ази дIахьовсийна - ГIебарта-Балкхаройчохь и дагалоцуш барамаш хIиттийра.


ГIебарта-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан университетехь дIаяьхьира Отаровн цIарах йолчу культуран йукъаралло кечйина концерт, йаздо РИА ГIебарта-Балкхаройчоь гIирсо. "ГIебарта-Балкхархойчоь" ГТРК-н гIирсаша дийцира Кенже цIе йолчу йуьртахь къаношца а, администрацин хьаькамашца а дешархойн хиллачу цхьаьнакхетарех - депортацех а, цо къоманна тIехь йитинчу ларх а лаьцна дийцира царна. Республикан куьйгалхочо Коков Казбека шен телеграм-каналехь балкархой цIерабахар дерриге къомана геноцид йар ду элира.


1944-чу шеран зазадоккху-беттан 8-чохь СССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн коммисаро Берия Лаврентийс омра кхайкхира, 37 эзар балкхархошна Йуккъерчу Ази депортаци йар тIедожош. Германица болчу тIамехь мостагIчуьнгхьа озабезам беш, мостагIчунна гIодеш гIарадаьлла аьлла, и бехк тIе а йазбина, къам махках даьккхира.


Официалан терахьца аьлча, 1944-чу шеран оханан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна схьа 1946-чу шеран гезгмашан-батте кхаччалц йолчу йуккъанна Казахстанехь, Киргизехь дIакхелхира 4 849 балкархо - аьлча а, хIора бархIаллгIаниг.


ЦIерабаьхна 13 даьлча магийра балкархошна даймахка йухаберза. И зазадоккху-беттан 28-гIа де ГIебарта-Балкархойчохь къам йухадендаларан Де лерина ду. Цул тIаьхьа кхин а 30 шо даьлча йукъаделира "репрессех чекхбевллачеран реабилитаци" олу закон.



Депортацехь дIадахначу шерех а, балкархойн тIемлойх а, къам даймахка йухадерзарах а Кавказ.Реалии сайтана дийцира филологин Iилманан доктор а, КБР Iилманан хьакъйолу белхало а йолчу Биттирова Тамарас.
1944-чу шарахь чиллин-беттан 23-хь Иосиф Сталина деллачу омраца, нохчий а, гIалгIай а Совет-Iедална йамарт хилла аьлла, шайн махках баьхна, нуьцкъаха Йуккъерчу Ази дIахьовсийра. "Чечевица" цIе тиллинчу цу операцехь ах миллион адам даймахках хадийра. 2004-чу шарахь евро-парламенто сацам бира, нохчий, гIалгIай цIерабахар геноцид лоруш.
Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира II къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш. "Репрессех чекхдевллачу къаьмнашна реабилитаци" олу низам СССР йухучу 1991 шарахь бен тIеэцна дац.




 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России