Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Нохчийчохь Iедалхоша лачкъийна хилла волу ши вахархо къайлаха дIавоьллина – "Мемориал"

0
Нохчийчохь Iедалхоша лачкъийна хилла волу ши вахархо къайлаха дIавоьллина –

2002-чу шеран чакхенгахь Нохчийчохь Iедалхоша лачкъийна дIавигира 31 шо долу Духаев Гилани а, 29 шо кхаьчна волу Гатаев Ахьмад а. И ший а дIакхелхина полицин отделехь, бохуш дуьйцу адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" Центро. И хаам меттигерчу хьасто бина бохура. 

"Мемориал" центро дийцарехь, лахьан-беттан 19-хь Духаев Iедалхоша далецира Науран кIоштан Ищерски эвлахь. Иза цара Соьлжа-гIаларчу заводскойн кIоштан полицин декъе кхачийра - 8 де даьлча, лахьан-беттан 27-хь, иза дакелхира. Дакъа полисхоша Гиланин гергарчаьрга дIаделира, амма тезет хIоттон ца магийра. Iедалхой уллохь болуш давоьллира Гилани.

Гатаев Ахьмад, бакъоларйархоша дийцарехь, гIуран-беттан йуккъехь далаьцна вара. Хьалх-Мартан кIоштарчу Олхазар-кIотарахь. Цу деношкахь кIоштахь дIахьош рейдаш йара. Росгвардин стажерна а, ГИБДД-н белхалочунна а йуккъехь иккхинчу девнан тешаш лохуш. Гатаев полицин декъе кхачийра. Ши кIира даьлча цуьнан нахе иза велла аьлла, хаам бира. Гатаевн тезетахь цуьнан уллора гергарнаш бен бацара. Тезет Iедалхой тIе а хьовсуш, дIадаьхьира. "Мемориал"-н белхахоша дуьйцу, гIуран-беттан чакхенгахь йуьртахоша мела луш, ламазаш дира цунна тIера.

Официалан Iедална оппозицехь йолчу "Niyso" телеграм-каналехь Гатаев а, Духаев а дIалацарах хаамаш хьалхо бинера. Социалан машанашкахь лайк хIоттор бахьанехь давигира Гатаев, дийцира канало. Цуьнан гергара нах а кхерамаш тесна, совцийна бара. Нагахь аша оха хIара давигарх, хIара тхо долчохь кхалхарх дерг нахала даккхахь, охьа могуьйтур дац шуна, аьллера цара.

Дечкен-беттан 8-хь кадыровхоша Iалхан-ГIалара 25 вахархо дIалецира. Цу беттан 18-хь иза хилар бакъдира адамийн бакъонаш ларйечу "Мемориал" Центран белхахоша. ДIабигначарлахь вара ши ваша: Солсаев Хьамзат, Солсаев Леча. Цушиннан гергарчу стага дуьйцу, и шиъ Соьлжа-ГIалахь Iазапехь латтош хьийзош ву бохуш. Республикерчу Iедалхошна критика йарна дIавигина бохура. Цу кеппара хьийзош латтош ву Мусаев Iусман а. ТIаьхьо цу Iусманан гергарнаш а далецира.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къайлах набахтеш йанне йац, аьлла дара. Шен цIенна уллохь адамаш чукхуьссу тоьланаш а йац элира цо. Амма цунна оппозицехь волчу Янгулбаев Абубакара дийцира Кадыровн набахти муха йу а, ша цу чохь муьлхачу хьолехь латтийра а, Кадыровс шена тазарш дарехь дакъа лацарах а.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин. Главное за день





Москва

Героическое участие армян в СВО. Часть третья


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Главное за день



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

The Beatles

100 лучших сольных песен The Beatles - 4




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Вокруг парка на электромобиле: что будет доступно напрокат в Москве

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о строительстве спортивных объектов

Хоккейный клуб из Балашихи выиграл Кубок Регионов


Новак Джокович

Шикарный и практичный стиль Елены Джокович из базовых вещей



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Рафаэль Надаль

Надаль навестил в больнице 16-летнюю российскую теннисистку



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России