ГIирмерчу гIезалойн хIусамашкахь цIийнах хоьжуш бу полисхой
Иза иштта делахь а, таллам беш бу школехь психолог болх бечу Мисиратова Асенен а, цуьнан марненан а хIусамашкахь.
Алуштахь газан биргIана уллехь эккхийтар динера Лахьан-беттан 1-чу дийнахь. Цхьана ханна газ а йоцуш виснера 1500 гергга стаг. Цул сов, галбаьккхинера лаккхара ницкъ болчу тоькан ши богIум. ФСБ-но дIакхайкхийна, иза диверси яра аьлла.
Оьрсийчоьно аннекси йиначу ГIирмехь сих-сиха цIийнах а хьожу гIезалойн хIусамашкахь, уьш лецна дIа а буьгу. Бакъонашларъярхоша дIахьедарш до, Iедалш деш дерг политикан бух болуш лелош ду бохуш.
ГIирмера гIезалой дуьхьал бара ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохарна.
