Гермачигахь газ иккхина бер делла, лазийнарш а бу
![Гермачигахь газ иккхина бер делла, лазийнарш а бу](https://gdb.rferl.org/78601E68-4D2E-49FA-9857-89FEF883FE56_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg)
Шела кIоштарчу Гермачигахь хIусамехь газ иккхича, тхов тIе а боьжна, жима бер делла, шинна чевнаш йина. Бохам хиллачохь белхаш беш бу орцанхой а, ницкъаллин струткутран белхахой а. "Новости" агенталло шоьтадийнахь бина и хаам.
"Гермачигарчу Дружная олучу урамерчу цIа чохь иккхина газ. Цхьа бер делла, юккъерачу барамашкахь могушаллина зенаш дина кхи а шинна. Уьш дарбан хIусамехь бу", - аьлла, дийцина агенталле орцан министраллан векало.
Газ эккхаран бахьанаш толлуш ю комисси.