Украинин депутатах летта воьалгIа нохчи лаьцна Бакохахь
Азербайджанан полицино Бакохахь лаьцна Украинин махкахо 29 шо долу нохчо Саитов Мохьмад-Эми. Иза лехаме веллера Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.
Цу стага тIелатар динера Оханан-беттан 30-чу дийнахь Киевехь Украинин депутатана Найем Мустафана аьлла, шеко йолуш бу Украинин талламхой. Цунах лаьцна хаам бина Украинин зорбанан гIирсаша, чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Аваков Арсенна тIе а тевжаш, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Болчу хаамца, хьалхо Найемана вевзина хилла шех летта волу Саитов Мохьмад-Эми. Цу конфликтехь дакъалаьцна кхин а кхо стаг полицино дIалецира Украинехь оццу дийнахь. Кхело бинчу сацамца уьш лецна латтош бу шайн цIахь.