Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 25.05.2018

Столтенберг: "Боинг" чудаийтарна жоьпалла тIелаца деза Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Евробарто а, НАТО-но кхайкхам бина Оьрсийчоьне Малайзин авиакомпанин "Боинг-777" 2014-чу шарахь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь Донбассана тIехула чудаийтарна жоьпалла тIелаца аьлла. Къилбаседа Атлантиан Бертан куьйгалхочо Столтенберг Йенса дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан декхар ду дуьненаюкъарчу талламан тобанца юкъаметтигаш дIакхехьа а, ткъа иштта бехкенаш жоьпе озо а. Цу тайппа дIахьедар дина Евробертан дипломатин куьйгалхочо Могерини Федерикас а. ПIераскана дийнахь Нидерладийн прокуратуран векло хаам бира... Читать дальше...

Даудовс дIаелла полисхоша схьаяьхна машенаш

Radiomarsho.com 

Мархийн беттан сий деш, некъан низамаш дохорна полисхоша схьаяьхна машенаш уьш йолчарна юхадIаелла Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. И акци хилла Соьлж-ГIаларчу некъан полицин урхаллан кертахь. Республикехь некъахьовзамийн терахь лахдар Iалашонца кхоьллинчу комиссин куьйгалхочо Даудовс кху деношкахь леррина кхеташо дIаяьхьира ГИБДД-хь. Цо омра делира нахера схьаяьхна машенаш юхадIало аьлла. Цу машенийн долахой, ерриг а республикехула схьа а гулбина, Даудовца цхьаьнакхета бигира автобусашца... Читать дальше...

Iедална реза мел воцчунна – цхьацца доза

Radiomarsho.com 

Бзаров Аслан, Нерозникова Екатерина "Цуьнга юьртахь дерг шайга дуьйцуш хила бохура полицино, иза реза ца хилира" Ставрополерчу медакадемин 5-чу курсерчу дешархочо Касаев Рахьмета наркотикаш лелийна я ца лелийна талла долийна кхело. Юьхьанца реза ца хиллехь а, хIинца реза а хилла, кхело хеттарш дина студентан хьокъехь Оьрсийчохь евзаш йолчу полиграфологе Николаева Иринига. Эксперто тоьшалла дина, бинчу талламо гойту Касаев шена тIебаьхьначу бехках цIена вуйла, ткъа иза лоцуш хIиттийна протоколаш харц хила тарло, аьлла. Читать дальше...



Титиевн гIуллакх тидаме эцна Макрона

Radiomarsho.com 

Путин Владимирца дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа Петарбухехь Францин президент Макрон Эммануэл цхьаьнакхетта "Мемориал" бакъонашларьярхойн центран куьйгалхочуьнца Черкасов Александрца. Бакъонашларъярхочо дийцина Францин президенте Титиев Оюбан гIуллакхах а, Къилбаседа Кавказехь "Мемориалан" векалаллашна тIелетарш деш хиларх а лаьцна. Черкасов дийцарехь, Макрона тидаме ийцира Титиевн гIуллакх, яздо "Кавказский узело". Черкасовс дийцарехь, Францин президент юхахоьттуш а, цхьацца хIума къастош а хилла. Читать дальше...

Кхо стаг вийна, шиъ лазийна Нохчийчуьрчу некъахьовзамехь

Radiomarsho.com 

Некъахьовзам хилла Яраш-Маьрдана гергахь, Шуьйта боьдучу новкъахь, хаам бо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо. ТIеттIакхеттарг ю «ВАЗ-217030» а, «ГАЗ-322132» а ши машен. И бахьана долуш ВАЗ машенна урхалла деш хилла Побединскера вахархо а, цуьнца хилла ши некъахо а велла, дарбанан хIусаме вуьгуш. Оццу машенахь хилла цхьа некъахо а, ГАЗ машенна урхалла деш хилла Шуьйтара вахархо а дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клинике.

Къола дарна 10 шо хан тоха мега Гуьмсерчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Гуьмсерчу талламан комитетан белхахоша кхеле хьажийна 2 миллион соьмана къола динчу меттигерчу вахархочуьнан бехктакхаман гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бо, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.   Таллам беш гучудаьлларг иштта ду. Кхушара Дечкен-беттан 29-чохь, хан яьллачу хенахь, цу гIалара 23 шо долу жима стаг туьканчу ваьлла хилла, сахьташ а, телефонаш а, царна оьшу цхьацца гIирс а бухкучу. Къуно дIадаьхьна масийтта сахьт а, мобилан телефон а, видеорегистраторш а, ахча а. Читать дальше...

"Титиев лаьцначара ца талхийна низам"

Radiomarsho.com 

Соьлж-гIалахь Старопромыслан кIоштан кхелехь дIадаьхьна бакъонашларъярхочун Титиев Оюбан девнан рогIера ладегIарш. Цуьнан адвокато Заикин Петра чIагIдо, Титиев бехке вац, цунна наркотикаш кхийсина, бохуш. Кхело бина сацам: полисхоша низам ца дохийна.

Порошенкос шена санкцеш кхайкхор нийса ца хета Кадыровна

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзана, Украино шена дуьхьал санкцеш кхайкхорна комментари еш, дIахьедар дина, вон деача Украинина гIо эцна йогIур ерг Iамерка а, цуьнан бертахой а бац - Оьрсийчоь ю аьлла. Стигалкъекъа-беттан 24-чу дийнахь Украинин къоман кхерамазаллин кхеташоно карладьаккхина шаьш санкцеш кхайкхийначу нехан цIерш тIехь йолу документ. Цу тIехь ву 1748 стаг а (хьалха 1228 стаг вара), шайна юкъахь Кадыров Рамзан а, Нохчийчоьнан цIарх Госдуман депутат Делимханов Адам а волуш, 756 компани а (468).  "[Украинин... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь кхин дIа а виса кийча ву Евкуров

Radiomarsho.com 

КхоазлагIчу ханна а ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь болх бан реза ву Евкуров Юнус-Бек, нагахь шен кандидатура Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьалхататтахь. Цунах лаьцна еарин дийнахь цо дIахьедар дина Петарбухерчу дуьненаюкъарчу экономикан форуман кулуарашкахь журналисташа шена деллачу хаттарна жоп луш. "Президенто кховдийннарг омра ду, дан дезачунна куьйгалла ду", аьлла Евкуровс. Цуьнца цхьаьна, ша болх бан кийча ву, боху цо пачхьалкхан куьйгалло шех тешийначу даржехь.    Евкуров ГIалгIайчоьнан куьйгалхо волу 10 шо ду. Читать дальше...

Соьлж-ГIаларчу талламан изоляторехь кхачамбацарш карийна прокурорна

Radiomarsho.com 

Цхьацца кхачамбацарш карийна Соьлж-ГIаларчу №1 йолчу талламан изоляторехь, цига талламца ваханчу Нохчийчоьнан коьртачу прокурорна Абдул-Кадыров Шарпуддина. Цунах лаьцна хаам бо, "Нохчийчоь тахана" "Чечня сегодня" хаамийн агенталло. Кхачамбацарш доьзна ду таIзар кхочушдарца доьзначуьнца а, цIано латторца а, белхан низам кхочуш дарца а, ткъа иштта цIе ца ялийта юкъадаьхна низамаш лардарца а. Царах цхьадерш дIадаьхна коьрта прокурор талламан изоляторехь а волуш, яздо агенталло, цига иза вахар белхан планаца хилар билгал а доккхуш.



Москва

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Московские пары все чаще выбирают для свадьбы «Новые адреса счастья»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Фёдор Шаляпин

Наследие Шаляпина и Рахманинова представили на выставке-форуме «Россия»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В полуфинале конкурса «Это у нас семейное» в ЦФО победили 74 семьи

Бились лопатами, палками и бейсбольными битами: Мигранты устроили массовую драку в Новой Москве

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин


WTA

Шнайдер вышла в финал турнира WTA-125 в Париже, обыграв Грачёву



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

К 86-летию со дня образования Мурманской области в регионе запланировано свыше 300 культурно-просветительских событий



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России