Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 15.05.2018

Парижехь хилла бохам, я Мила ву Азимов Хьамзат

Radiomarsho.com 

Францехь талор динчух лаьцна хууш дерг вовшахтоьхна Маршо Радионо Шоьтан сарахь Парижехь, наханна урс а карахь тIеллетта, цхьа вахархо вийна, веанна чевнаш йина жимчу стага. Талор динарг, Нохчийчуьра схьаваьлла, 21 шо хилла Азимов ву францойн телеканалашкахь а, газетийн агIонаш тIехь а вуьйцуш. Азимов Шерипан воI Хьамзат вина Устрада-ГIалахь (Аргун). 4 шо долуш дIавигина дас-нанас шайца Франце. АзимовгIар махкахбовлар дузу Нохчийчохь лаьтташ хиллачу тIамца, нах лоьцуш Iедал хьийзина хиларца, доьзал Европе паргIат дахар лаха бахарца. Читать дальше...

Utair авиакомпанино мархийн баттахь хьалялан юург дIасайоькъур ю пассажирашна

Radiomarsho.com 

Мархийн Рамадан баттахь шайн кеманаш тIехь дIасалелачу пассажирашна хьалялан даарш хилийта Iалашо ю Utair авиакомпанин. Некъан билеташ оьцучу хенахь бахархойн таро хир ю utair.ru сайт тIехь шайна езза юург еха. Iуьйранна семга чIераца кечдина бепиг, ливанхойн хумус, зефир хир ю. Делкъанна аравийцаша санна кечдина котаман жижиг, хумус, зефир, бежана жижигах йина кебаб, бепиг хир ду. "Нагахь юучуьнца диета ларъешверг нислахь, цунна лерина хьалялан хилла ца Iаш, вегетарианийн даарш а, берашна кечйина юург а цхьана хир ю. Читать дальше...



Соьлжа-ГIалахь тоьках декхарш гулдеш бу

Radiomarsho.com 

"Чеченэнерго" компанин белхахоша рейдаш дIаяьхьна оршотдийнахь  тоьках ахча схьагулдеш. Талламаш бечара декхар охьа ца диллахь, шаьш чуьра бахам схьабоккхур бу бохуш, кхерамаш тийсина. Маршо Радионо яздира, бюджетан белхахошка шайна тIехь коммуналан декхар цахиларан тоьшаллаш-кехаташ дан дезар тIедиллина куьйгалхоша аьлла. Тоьшалла ца деанчуьна алапа сацор ду я балхара дIавоккхур ву бохуш, тIедожийнера, белхахоша дийцарехь. "Рейдаш дIаяьхьначу цхьана дийнахь 300 эзар сом декхарш гулдина оха. 80... Читать дальше...

Израилера векаллала Къудсе дехьаяккхарна критика ловш ю Iамерка

Radiomarsho.com 

Iамеркан Израилера векалалла Тел-Авивера Къудсе дехьаяккхарна мостагIий хилла ца Iаш Вашингтонна критика еш бу цуьнан бертахой а. Британин премьер-министран Мэй Терезин зорбанан секретаро дIахьедар дина, шаьш реза дац Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн векалалла Къудсе дехь а яьккхина, иза Изараилан коьрта гIала хилар даре дарна, Гергарчу Малхбалехь хIоьттина машар а боцуш аьллла. Францин президенто Макрон Эммануэла емал дина Газа Асанехь Израилан салташа 50 сов палестинахо а вуьйш, ницкъ бар. Макрона... Читать дальше...

Нохчийн тоба лаьцна Францехь

Radiomarsho.com 

Стохка Барселонехь а, Камбрильсехь а дина теракташ толлучу юкъанна полицино Францехь лаьцна 6 Нохчийчоьнан вахархо, хаамбо France Info-с шайн полицерчу хьостанна тIе а тевжина. Цо бахарехь, Лахарчу Рейнан, Жирондан, Лакхарчу Гароннан департаменташкахь хилла лецарш. Дахначу шоьтадийнахь Парижехь Азимов Хьамзата динчу тIелатарца боьзна бац хIара талламаш аьлла, билгалдаьккхина полицин векало. Стохка аьхка Барселонерчу Лас-Рамблесан адамаш дIасалелачу ураме йоккха машен хахкаран бахьанашца вийра 13 стаг, 100 чевнаш йира. Читать дальше...

Венехь йоI ер толлуш лаьцначу кIентан дас дуьйцу

Radiomarsho.com 

КIиран сарахь Венехь яйнера 7 шо долу нохчийн йоI Хадижат. Иза лаха арабевлла лийлира дуккха а нах а, полици а. ТIаьххьара а доьзал бехачу цIенна уллерчу нехашкхуьсийлехь дIаккхоьссина карийра йоьIан дакъа. Зулам толллуш полицино лаьцна лулахь веха 16 шо долу кIант. Хиллачо вуно йиш йохийна шина а вовшашца гергарлонехь баьхначу мухIажирийн доьзалан. Таллам дIахьош, полице бигинера кIентан берриг а доьзал, амма дIахецна, ша иза воцург. Воьхна хьийзачу дас, Кагиров Хьасана, хилларг довзийтира Маршо Радиона.

Титиевна тIехIоьттина Эстемирова Наташин йоI

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочунна Титиев Аюбна наркотикаш тесна ю аьлла тешна бу бакъонашларъярхой. Нохчийчохь йийначу Эстемирова Наташин йоьIан Ланин а яц цу тIехь цхьа а шеко.



Францин министрна жоп делла нохчийн министро

Radiomarsho.com 

Шоьтадийнахь Парижехь нахана уьрсаца тIелеттера жимстаг. Цхьаъ вийра, веанна чевнаш йинера. Полисхоша герз тоьхна вийра зуламхо. Нохчийчуьра схьаваьлла 20 шо долу Азимов Хьамзат хиллера иза, 2010-чу шарахь дуьйнна Францин вахархо волу. Шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздира, тIелатар динчух жоьпалла Францина тIехь ду, иза церан пачхьалкхехь хаьлакхиина хиларна аьлла. Францин арахьарчу гIуллакхийн министраллан хьаькамо Ле Дриан Жан-Ива жоп деллера Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна... Читать дальше...

Венехь йоI ерна бехкево 16 шо долу кхиазхо

Radiomarsho.com 

Нохчийн йоI ерна шеконашкахь латтош ву 16 шо долу лулара кIант Роберт, хаамбина журналисташка Венерчу полицин векало Хаймедер Герхарда. Талламчийн зерашца, йоIана вевзаш хилла ша йийнарг, шина доьзалан лелош доттагIаллин юкъаметтигаш а хилла, цундела шайга морожни яа йола аьлча, дуьхьало а ца еш, церан хIусаме яхана хилла Хадижат. Луьйчуш волчу чохь урс хьаьхкна кIанта цунна. Бехкевечо мукIарло дина. Иштта цо дIахьедина, иза ен шен цхьана а кепара бахьана ца хиларх а. "Цхьа кIира зама яра ша оьгIазе лела... Читать дальше...

Шаьш цалехар доьху Нохчийчуьра девддачу зудабераша

Radiomarsho.com 

Зазадоккхучу - баттахь Нохчийчуьра еддачу кхаа йоIа чIагIдо, шаьш шайн лаамехь арадевлла хилар махкара. "Кавказ.Реалии" порталан каракхаьчна нотариус теш а хIоттийна, мехкарша яздинчу кехатийн бух. Хьалхо зудаберийн гергарчара чIагIонаш йора, цхьана Iамеркан бакъонашларъяран организацин гIоьнца дIабахна шайн йоьIарий бохуш. Полицига хаам бира дайша-наноша, цул тIаьхьа федералан лехамашка а белира байнарш. "Кавказ.Реалиин" корреспонденте бакъонашларъярхоша дийцарехь, и зудабераш цIера довдаран бахьана ... Читать дальше...

Дагестанерчу берашна совгIатна iPhone X телефонаш елла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Дахначу мукъаденошкахь Нохчийчохь хиллачу Дагестанан коьртачу шахьарерчу дешархошна iPhone X телефонаш елла совгIатна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Инстаграмерчу шайн агIон тIехь бина и хаам ХIинжа-гIаларчу лоьмар 18 йолчу школан 7-чу классера дешархоша. Кхиазхоша дийцарехь, кIирандийнахь Соьлжа-гIалин урамехь буьйлабелла лела хIорш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн кортежа тIеIиттабеллера ларамза. Кадыровс рэперан Тиматин бургерийн кафе чу кхайкхинера уьш хьошалла дан. ТIаьхьо куьйгалхочун... Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу адамийн бакъонашца долу хьал теллина дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

Дуьненан футболан чемпионат йолалучу хенахь Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Human Rights Watch (HRW) организацино Оьрсийчохь адамийн бакъонашца долу хьал телхина догIуш хиларх рапорт арахецна. Къаьсттина стадионаш ечу гIишлошъярхойн бакъонаш йохийна хиларна тIе тидам бохуьйту бакъонашларъярхоша. Human Rights Watch (HRW) хаамашца, белхалошна алапаш хьедо, церан белхан хьелаш кхерамзалла Iалашъеш нисдина а дац. Кху шеран зерашца, байначу баттахь дуьненан чемпионатна кечамаш бечу гIишлошъяран майданахь  21 белхало велла. Читать дальше...

Венехь жима йоI йийнарг лаьцна полицино

Radiomarsho.com 

Венехь еха нохчийн 7 шо долу йоI ерна шеконашца нах лецна яхначу буса полисхоша. "Кавказ.Реалии" портале Венерчу полисхойн декъехь бинчу хаамца, лецнарш бу йийначу йоьIан Хадижатан лулара нах. Церан цIераш цкъачунна йовзуьйтуш яц. Къаьстинарг ду, и доьзал Азербайджанера орамаш долуш хилар. Шиъ кхиазхо-доьзалхо а ву церан шайн а. Лецначийн хIусамех хьаьвсина полисхой, церан петар мухIар тоьхна, дIакъевлина. Маршо Радионо яздира шен агIонехь, Австрин зорбанашна тIе а тевжаш, пIерсакана сарахь дуьйна яйна... Читать дальше...

Титиевн агIончашна жоп делла Кадыровс

Radiomarsho.com 

Оршотдийнахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кехат дахьийтина наркотикашца лаьцна аьлла, бехкевечу Соьлжа-гIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдинчу гIуллакхан хьокъехь. 60 стага, шайлахь журналисташ а, бакъонашларъярхой а, Iилман а, искусствон а гIуллакххой а, Iеламчаш а болуш, куьйгъяздина кехат-дехарна бухахь. Стагехьа гIодаккхар вуон гIуллакх дац аьлла, кехат яздинчарна жоп лучу Кадыровс, амма дуьйцург бакъдерг хила деза. "Оцу кехат тIехь чIагIонаш йо... Читать дальше...

"Диктаторан хьехарш" ца оьшу шайна аьлла, жоп делла Кадыровна Францино

Radiomarsho.com 

Францин арахьарчу гIуллакхийн министраллан хьаькамо Ле Дриан Жан-Ива жоп делла Кадыров Рамзана Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимов Хьамзата Парижехь уьрсаца нахана динчу тIелатаран хьокъехь дIахьедарна. "Шен регионехь адамийн бакъонаш хьоьшуш волчу диктаторан хьехарш тхуна оьшуш дац. Цул совнах, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь эзарнашкахь нохчий буйла хууш волчун", - аьлла Ле Дриана Лондонерчу AFP-н агенталлан корреспонденте, Великобританин арахьарчу гIуллакхийн министрца Джонсон Борисца цхьанакхетар дирзича. Читать дальше...

Мисарахь лецнарш Оьрсийчу дIабахийта кечбеш бу

Radiomarsho.com 

Мисарарчу ницкъаллийн структураша лецна Дагестанера бахархой гергарчу хенахь Оьрсийчу дIахьовсор бу. "Керланаш" агенталле бина и хаам Мисарарчу Оьрсийчоьнан консуло Абакаров Юсупа. "24 стаг ву и верриг а. Царех 18 вахархочун хьокъехь сацам бина баьлла уьш даймахка дIабохуьйтуш. Новкъа баха кечбеш бу уьш, цхьаболучера кема маца ду а билгалдаьлла. Кхин а 6 стаг а, диъ бер а кхеле ладоьгIуш Iа ", - хаамбина консуло. Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь лецначийн гергарчара бакъонашларъяран "Мемориал" центре дийцинера... Читать дальше...

Нохчийчоьнан информацин министро Парижехь Азимов Хьамзата динчу тIелатарах лаьцна дуьйцу

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу уьйрийн, зорбанан, информацин министро Умаров Джамбулата дуьйцу, хIунда дала деза республикан куьйгалхочо арахь бехачу нохчех жоп.



Москва

Азербайджанский мигрант возмутился из-за того, что в Калининграде суд назначил 4,5 года лишения свободы за убийство в ДТП школьницы. Видео


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

К 2025 году в "Рудневе" планируется создать свыше 6 тысяч рабочих мест — Собянин



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Сергей Шнуров

Mash: певец Сергей Шнуров задолжал ФНС больше 4,5 млн рублей




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Бег — один из самых популярных видов спорта у россиян

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей

Кто создает «креативный код» страны?


WTA

Первая ракетка Казахстана вышла в финал турнира WTA в Италии



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Симферополь

Коллекция CD этномузыки экзотических стран представлена на открытии выставки в Симферополе



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России