Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2018

Новости за 22.05.2018

Куршлойн кIоштан куьйгалхо хIоттийна Кадыров Хьамзат

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзанан вешин кIант Кадыров Хьамзат хIоттийна Куршлойн кIоштан администрацин куьйгалхо. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан сервисо. 23 шо долу Кадыров Хьамзат ву Кадыровн вешин Кадыров Зелимханан кIант.

154 шо даьлча а диц ца до чергазаша "Къематде"

Radiomarsho.com 

Стигалкъекъа беттан 21-чу дийнахь билгалдоккху чергазаша шай къам Оьрсийчоьно дохор. Кху шеран бараме гулбелира Туркойчуьра кавказхой Истамулехь. Цигарчу нохчийн диаспоран куьйгалхочуьнца зIене елира Маршо Радио.

Lada Priora кхин йийр яц "АвтоВАЗехь"

Radiomarsho.com 

"АвтоВАЗо" шен конвейер тIера дIайоккхуш ю Lada Priora автомашен, хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза хир ду Марсхьокху-баттахь. Priora йоцург ВАЗ-о йийр яц  кхин Lada Granta а, Lada Kalina а.   "Кавказ.Реалиино" яздарехь, Дагестанехь кхушеран хьалхарчу кхаа баттахь йоьхкинчу автомашинех 60 процент яра Lada-наш. Цу гайтамехь и республика хьалхара меттиг йоккхуш ю Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь.



Сатуев Хьусейн. Хазалла йовзар

Radiomarsho.com 

Сатуев Мохьмад. Хазалла йовзар Мох цоьстучу лечанан тIам санна, Тархан лаба кхийда Iинан кийра. Инзаре сурт ган лаарна сайна, Йисте гIоьртуш, со, цецваьлла, тийра. Шийла мох а цу тарха тIехь цIийза, Стигал санна, бухахь – сийна кIорге, Валар-висар къаьстачу цу сизца Бегош бара зезаган цIен корта. Мохехь, цIеран кIега санна, хьаьъна, Иза куьйга хьаста са кIамделла, Со, дIакхевдаш, бердан йисте таьIча, И тIулган тIам бетIи, бегабелла. ТIам хIаваэхь, терза санна, техки, Зезаган мах Iожаллица узуш! Читать дальше...

Сатуев Хьусейн. Лаьмнийн бер

Radiomarsho.com 

Сатуев Хьусейн. Лаьмнийн бер Лаьмнийн бер – со, нохчийн ненан шура мелла, Нохчийн цIий ду даг чохь детташ ткъес. Ненан цIий ду маршо еза алу елларг, Нохчо ву со, лаьмнийн аьрха бер. Лаьмнийн бер – со, борз ехкинчу буса дина, Дарцо дера ага техкийна. Таррийн ткъесаш вовшеххьерчашсуна гина, Къорчу орца тIамах идийна. Лаьмнийн бер – со! Велхар хIун ду хаац суна, БIаьрхин тIадам цIийца бусту ас. ТIеман хьаьттахь кхин ца гIатта цIийла вужуш, Къонахалла соьга делла дас. Лаьмнийн бер ... Читать дальше...

Мамакаев Мохьмад. Даймохк

Radiomarsho.com 

Мамакаев Мохьмад. Даймохк Ницкъ, сий, къуоналла, кхидерг а, Массо а дIагIур ду, Безам а дIагIур бу... Амма уьш массо а тарлуш ду- Вай вешан Даймахкахь дисчахьана. Сийлахьа цIе йоккхуш хьо хиларх, Некъ дика хилла хьо дIалеларх, ДоттагIца, нускалца хьо вахарх, Хьал хилла, мотт кIеда хьо дIавижарх, Херехь хьо ирс долуш вехар вац. Шийлачу шовдано лам бохбац, Шан арахь бецан хал тIедалац. Мацваларх ахь даар дуур дац,  Чам кхеташ хин къурд а балур бац Даймахках къаьстина висинчохь. Ницкъ... Читать дальше...

Сатуев Хьусейн. Нохчийн белхи.

Radiomarsho.com 

Сатуев Хьусейн. Нохчийн белхи Лерехь потт йохуш, тIараш а лелха,  Лоькхуш бу пондар, етташ ю жиргIа.  Йилбазан шовкъехь хьийзаш ду хелхар,  Делкъенга даьлла ловзар ду ирке. Эскаре вахнарг цIа варна доцуш,  Нускал а доцуш доссийна керта,  КIант воцчу дена кIант варна доцуш,  Нохчочун уьйтIахь хелхараш кхехка. И нохчийн ловзар – поппаран белхи, –  Мехкарий, кIентий цIе санна хьийза.  Къахьега бертахь ницкъаш хьан белла,  ЦIа доцург тахна хоттавеш цIийнах? Сан мехкан ярташ белхеша гIиттий,  Де эшна висча, стаг цхьалха воцуш. Читать дальше...

Абдулаев Леча. Гур ду вай, гур ду...

Radiomarsho.com 

Абдулаев Леча. Гур ду вай, гур ду...  Ткъа хIинца хилларш ма дийца.  Ахь лайнарш балица, цIийца  Ас кху сайн яьIни тIе ийци... Гур ду вай, гур ду...  Кхачор бу дуьненан хьовзам,  Чекхдевлла, долчун хьакъ довззал,  Хетарийн, моттарийн ловзарш.... Гур ду вай, гур ду...  Вай вовшийн эшо я толо,  Кхин некъ ца бисинчохь боло,  Цадевзарш санна, тIехдовла,  Гур ду вай, гур ду... И хир ду самах я гIенах:  Дуй кхийларх дуьнене Делах,  Вайн кхиа хIума доцччу хенахь...  Гур ду вай...  Гур... Читать дальше...



Сатуев Хьусейн. Дарце

Radiomarsho.com 

Сатуев Хьусейн. Дарце (Мамакаев Мохьмадана) Са даккха санна, Хьо стенна тийжа, ХIай гаур, акха мох, Кху сенчу панахь?! Сан деган пхенех МIараш ма тийса, Ма кхийла сан коьрте Ца лехна бала. Шорта яц хьуна Берзалойн ареш? Шелоно чахчийна, Са доцу мехкаш? Ма гIерта яккха Соьгара къаро, Ас дукха лайна ду Хьол дера мехаш. ГIум лайца лоькхуш, Хезна ду къемат, Аркъала со ветташ, ДIадоккхий гIора. Доьналлех вохо, ТIелестарх кхерам, Дарцех чекхвийлина, Ца хIуьттуш гуора. Ахь суна кечъеш Яцахь а кIело... Читать дальше...

Сатуев Хьусейн. Оьзда бералла

Radiomarsho.com 

Сатуев Хьусейн. Оьзда бералла Мехаш хьоькху, кIайчу баьллаш тIера, Самайохуш ирсан хазалла. Маца яйн хьо, мичахь къайлаели, Со идийна цIена бералла? "Вайн бIаьстенах илли делахь", – аьлла, Суна кхио юьтуш жималла, Цалийринчу дорцан кIуьре яьлла, Хьо дIаяйра, аьрха бералла. Со-мIуьйренан ойланех ца тилла, Дагна гена яьккхи дералла. Ас вайшиннан бIаьстенах ди илли, Хьанпусар деш, оьзда бералла. Хало еъча, шийла шеко ялош, Хьоьга орца дохуш генара, Хьан майрачу амалех ца вала, Къаьхьа къурдаш ди ас, бералла. Читать дальше...

Юсупов Iилман. ЗIе етта ахь соьга...

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман * * *  ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш,  Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов.  Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш,  Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов. Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча,  Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц.  Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча,  Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц. Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте,  Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай…  Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий... Читать дальше...

CNBC: Путина хьехийна ракеташ зер аьтто боцуш дIадирзина хилла

Radiomarsho.com 

2017- шеран Лахьан-баттахь дуьйна 2018-чу шеран Чиллан-батте кхаччалц Оьрсийчохь керла зарратан энергина тIехь йолу 4 реката зер дIадирзина аьтто боцуш. Цунах лаьцна дийцина Iамеркерчу CNBC телеканало. Цу еаннах уггаре кхиаме тIемаяьлла ракета яхана 35 километр, цул тIаьхьа иза шен лаамехь охьайоьжна. Телеканалан хьастано дийцарехь, болх ца бина зарратан энергин моторо. Цо бинчу хаамца, ракеташ зерна тIера ца яьлла Кремл, конструкторша система кийча яц боххушехь. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь... Читать дальше...

Абрамовича шен хьал нийсонца гулдина хилар тIечIагIдан деза, боху Лондоно

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу хьоладас Абрамович Романа Британехь керла инвестицин виза йоккхуш Iедалшна хьалха тIечIагIдан деза шен хьал нийсонца гулдина хилар. Цунах лаьцна хаам бо The Telegraph газето. Абрамовичан хьалха хиллачу визан хан чекхъяьлла дIабаханчу Оханан-баттахь. Цхьа де хьалха Британин парламентан Юкъараллийн Чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитето дIахаийтар арахийцира, "Москохан дашо: оьрсийн коррупци Британехь" цIе а йолуш. Цуьнан авторша дIахьедина Оьрсийчуьрчу "боьхачу ахчано" зен до Британин арахьарчу политикана аьлла. Читать дальше...

Трамп юхавала мега Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетаре вахарх

Radiomarsho.com 

Iамеркан президент Трамп Доналд юхавала мега тIебогIучу баттахь Къилбаседа Корейн хьалханчица Ким Чен Ын-ца шен хила езачу саммите вахарх. Цунах лаьцна хаам бина вице-президенто Пенс Майка, Къилбаседа Корейно и цхьаьнакхетар хир ду бохург шеконе диллинчул тIаьхьа. Fox News телеканалана ша еллачу интервьюхь Пенса дIахьедар дина, Iамерка юхаялийта гIерта ца оьшу, шаьш лардийр доцу ваIданаш а деш аьлла.

Муха къаръеш хилла низамхоша экстремизм

Radiomarsho.com 

Бзаров Аслан Нальчикан гарнизоно кхел йолийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь экстремизмна дуьхьалоечу Центран  куьйгалхо лаьттинчу а, цуьнца болх бинчу а полисхошна тIехь.  Хилла девнан хьалхара ладегIарш. ВорхI стаг ву шаьш нах байарх, адамашна тIехь къизалла яллорах, ахчанаш дахарх жоп луш. Масала, Центран коьртехь Iийна Хамхоев Тимур бехкево лецначаьргара тIех даккхий ахчанаш дехарна, царна тIехь Iазап латторна, талораш дарна. Хамхоевн гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейга... Читать дальше...

Москох йиттина Дагестанерчу студентана

Radiomarsho.com 

Москох йиттина 18 шо долчу медицинан академин студентана Абумуслимов Амирана. Карарчу хенахь иза кхетам чуьра ваьлла ву. Иза хилла Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь, яздо Кавказ.Реалиино. Болчу хаамца, 8 стага, шайна юкъахь зуда а йолуш, багайиттина цуьнга, сий доцу къамелаш деш. Юха цхьаммо буй тоьхна вожийна Абумуслимов. Хилларг гинчу зудчо лоьраш кхайкхина. Цара дIавигина жима стаг дарбанан хIусаме. Карарчу хенахь Абумуслимов кхетамехь вац. Лоьраша шайна ца хаьа боху, иза маца метта вогIур ву.

Оьрчийчоьнна кхайкхийна санкцеш шоръян лууш ву Джонсон

Radiomarsho.com 

Iамерко Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш Евробартана юкъараяьлча Британино а кхайкхо мегаш ю аьлла, дIахьедар дина цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса. Цунах лаьцна хаам бо Bloomberg агенталло. Цкъачунна цу тайпа сацамаш Европан Бертаца дагаяьллаxул тIаьхьа бан безаш ю Британи. Амма Брекзит хиллачул тIаьхьа Лондонан аьтто хир бу мелла а луьра позици лаца, билгалдаьккхина Джонсона. Цхьа де хьалха Британин парламентан Юкъараллийн Чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитето дIахаийтар арахийцира... Читать дальше...

Титиевна накъосталла деш пикеташ хилла Москох

Radiomarsho.com 

Москох Оьрсийчоьнан президентан администрацин гIишлонна хьалха шайн накъостана "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбана гIортор еш цхьалха пикеташ дIаяьхьна бакъонашларъярхоша. Дечкен-баттахь Нохчийчохь лаьцна волу Титев чувоьллина ву Мангал-беттан 9-гIа де тIекхаччалц. Титиевн гIо лоцу агIо тIера ца йолу и гIуллакх харц кхоьллина ду бохучунна. Дуьненаюкъарчу коьрта бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Титиев дIахеца аьлла.

Генарчу Даймехкан сурт хIоттадо хIуманаш

Radiomarsho.com 

Урдунера нохчий даима а къаьсташ хилла Къилбаседа Кавказера цу махка кхаьчначу кхечу къаьмнех. Махках бевлла бехаш белахь а, шайн мотт а, гIиллакхаш а, оьздангалла а ларъян гIерташ беха уьш тахана а. Даймахкаца доьзнарг лерина лардо нохчаша. Царах цхьаъ ву Заркъахь веха Зия. Цо гойту 100 шо хьалха дуьйна шайн дайх йисна хIуманаш



Москва

В Парке Горького вновь пройдет Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин рассказал о развитии района Зябликово



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Дженнифер Лопес

Причины развода Дженнифер Лопес и Бена Аффлека




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Росгвардии стартовал чемпионат по боксу "Кубок Победы"

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей

Инсайдер Карпов: "Спартак" выкупил Станковича у "Ференцвароша" за €200 тыс


Стефанос Циципас

«Спартак» подарит Циципасу клубную футболку



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России