Нохчийчохь медицина кхиор ю Испанин говзанчаша
![Нохчийчохь медицина кхиор ю Испанин говзанчаша](https://gdb.rferl.org/BA328AAF-9802-41BF-829E-ED2B4B9A7389_cx15_cy0_cw85_w800_h450.jpg)
Испанин "Айваскуларан" а, "Раймед-группан" а компанийн векалшца цхьанакхетар хилла Нохчийчуьрчу могушаллин министран Сулейманов Эльханан а, мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочун гIовсан Хакимов Хьасанан а Барселонехь, хаамбо "Нохчийчоь Тахана" агенталло.
Шина а агIоно бартбина Нохчийчохь инвестицийн проекташ йоло. Церан Iалашо ю Соьлжа-гIалахь дарбан материлаш а, лабараторешкахь анализаш эца таро луш болу а гIирсаш арахоьцу завод схьаелла.