Бусалбанаш Австрин юкъараллан дакъа хиларх лаьцна дийцира Венехь
Венерчу университетехь дIаяьхьира "Европа а, цуьнан бусалба нах а" цIе йолу конференци. Цигахь дакъалоцуш бара университетан профессорш а, исламан вовшахтохараллийн куьйгалхой а. Конференцехь дийцира бусалба нах Австрин юкъараллан дакъа хилла дIахIиттарх лаьцна хаттарш.