Соьлж-ГIаларчу талламан изоляторехь кхачамбацарш карийна прокурорна
Цхьацца кхачамбацарш карийна Соьлж-ГIаларчу №1 йолчу талламан изоляторехь, цига талламца ваханчу Нохчийчоьнан коьртачу прокурорна Абдул-Кадыров Шарпуддина. Цунах лаьцна хаам бо, "Нохчийчоь тахана" "Чечня сегодня" хаамийн агенталло.
Кхачамбацарш доьзна ду таIзар кхочушдарца доьзначуьнца а, цIано латторца а, белхан низам кхочуш дарца а, ткъа иштта цIе ца ялийта юкъадаьхна низамаш лардарца а.
Царах цхьадерш дIадаьхна коьрта прокурор талламан изоляторехь а волуш, яздо агенталло, цига иза вахар белхан планаца хилар билгал а доккхуш.