"Титиев лаьцначара ца талхийна низам"
![](https://gdb.rferl.org/e52fa70e-f054-44c1-b7c1-36ee5d60f640_tv_w800_h450.jpg)
Соьлж-гIалахь Старопромыслан кIоштан кхелехь дIадаьхьна бакъонашларъярхочун Титиев Оюбан девнан рогIера ладегIарш. Цуьнан адвокато Заикин Петра чIагIдо, Титиев бехке вац, цунна наркотикаш кхийсина, бохуш. Кхело бина сацам: полисхоша низам ца дохийна.