Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2018

Iедална реза мел воцчунна – цхьацца доза

0
Iедална реза мел воцчунна – цхьацца доза

Бзаров Аслан, Нерозникова Екатерина

"Цуьнга юьртахь дерг шайга дуьйцуш хила бохура полицино, иза реза ца хилира"

Ставрополерчу медакадемин 5-чу курсерчу дешархочо Касаев Рахьмета наркотикаш лелийна я ца лелийна талла долийна кхело. Юьхьанца реза ца хиллехь а, хIинца реза а хилла, кхело хеттарш дина студентан хьокъехь Оьрсийчохь евзаш йолчу полиграфологе Николаева Иринига.

Эксперто тоьшалла дина, бинчу талламо гойту Касаев шена тIебаьхьначу бехках цIена вуйла, ткъа иза лоцуш хIиттийна протоколаш харц хила тарло, аьлла. Иштта хаам бина "Кавказ.Реалиига" адвокато Зубенко Виталийс.

Стохка Iай дара иза. Касаев экзамене воьдуш вара, амма дIа ца кхечира: тIехьаьлхинчу туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха лаьтта охьавиллира, тIаккха, тешаш а балош, полици тIееара, цуьнгахь героин "карийра". Иштта я шена а, я шен накъосташна а ца хууш, Касаевх "наркоман хилира".

Адвокаташ карарчу муьрехь, Касаев а санна, полиграфехула чекхбахийта гIерта иза лаьцна полисхой а, цара цуьнгахь наркотик "карош" тоьшалла дина нах а.

"Полиграфан гIоьнца кIант теллина йолу Николаева теша Касаев хIуманна а бехке вацарх, цунна ша лоцуш бен наркотик гина а яцарх. Рахьмета, полисхойл хьалха шена туьтмIаьжигаш йоьхна нах тIебеттабелира боху. Цара йиллина цуьнан кисина наркотик". - Тешна ву Зубенко.

Гарехь, Касаев полицино тидаме эцар дозу иза Iедална даима а проблемаш латточу Ставропол-махкарчу ногIийн юьртара хиларца. Церан юрт ехха лаьттира шайн зудабераш школе коьртахь хIума йолуш лелийтар къуьйсуш.

Адвокато бахарехь, Касаевн проблемаш юьйлаелла иза шен юьртахойх лаьцна полицина юкъ-кара информаци латто реза ца хилча.

"Цуьнан деваша вара зудаберашка хьиджабаш лелаяйтар къийсинарг. Юьртара цхьаберш Шема бахана, цигахь харц-тобанашкахь бу. Юьртахь хIун къамелаш лела шайга хоуьйтуш хила аьлла Касаевга полисхоша, цо иза тIе ца эцна. Левечу хенахь гIело а йина цунна", - дуьйцу Зубенкос.

Политикан, юкъараллин, динан жигархошна дуьхьал бехк-такхамаш ийбар лелаш практика ю Оьрсийчохь. Оцу тIехь билгалболу Ставропол мохк а. Дагалоцийла ду Кисловодскерчу имаман Байчоров Курман-Iелин дов. Цо а, цуьнан гоно а наркотик полисхоша кисина таIийна бохург юьхьар а ца оьцуш, цунна 3,5 хан кхайкхийра набахтехь такха. Тергамчаша Байчоров лацар дуьйзира цо Кисловодскехь маьждиг хIоттош бечу балхаца.

Цхьа бутт ах бутт хьалха "Минеральные Воды гIалин халкъан кхеташонан" лидер Савостин Михаил лаьцна, цуьнгахь наркотик карийна аьлла. Иза воккха критик вара меттигерчу Iедалан – хьаькамаш хийца беза, олий, хьавзара кест-кеста. Ши бутт хан елла кхело талламчашна цуьнан бехк билгалбаккха. Таллам бу дIахьош.

"Зуламаш, раже а хIиттийна, хила яздина аш"

Старопромыслан кIоштан кхелехь дов луьстучу кхелахочунна Хлыстунов Владимирна цхьа а ант ца карийна бакъоларъярхо Титиев Оюб лоцуш полицигара даьлла. Цо ца магийна шеран юьххьехь иза сацийна полисхой мел нийса лелла луьстуш, бехк-такхаман гIуллакх айдан. Прокурорна тIетайна Хлыстунов.

Еарийдийнахь хилла тIаьххьара ладегIарш. Адвокато Заикин Петра доьхура, Титиев лоцуш полисхоша цунна наркотикаш кхийсина хилар толлуш дов айдар. Аьлча а, полисхоша цхьа а низам а ца талхийна аьлла талламчаша бина сацам юхабаккхар.

Заикина дийцарехь, Титиевн бехк зуьйчу веа стагах цхьаммо а ца теллина цуьнан арз. Иштта, дехнера Заикина дов Къилбаседа Кавказан тIегIане даккхар. Цо Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкине а дехнера хьал тергоне эцар. Цунна хетарехь, говзалла ца тоьу Соьлж-ГIаларчу талламчашна.

Адвокат тешна ву Титиев лаьцнарг цхьа полисхо, талламчийн кехаташкахь иза лаьцна аьлла язвинарг кхин полисхо хиларх.

Шайна керта хIиттийна лаьтта видеокамераш Титиев лоцучу муьрехь йоьхна, тоеш яра боху Куьршаларчу полицино. Цунах ца теша Заикин, иза мел бакъ ду таллар доьху цо. Боху, талламна гонах хIоьттинарг "декъаза хьал ду", доьху "нах Iовдал цахетар".

"Зуламаш, раже а хIиттийна, хила яздина аш. Стаг шун гурашкахь вийна вацарх, зулам ца дина олийла дац", - бохура ладегIаршкахь Заикин Петра.

Титиевна а делира кхело дош. Ша лоцуш коьртехь хилларг некъан инспектор Хатуев вара, ткъа талламчаша дIаязвинарг Гараев ву, билгалдаьккхира цо. Хаийтира, ша лоцуш полицино шегара дIаяьккхинчу шен машенчуьра 23 хIума яйнийла, шайлахь машен йолу меттиг хоуьйту гIирс а а болуш.

Ша тешна ву талламчашна бакъдерг оьшуш дацарх, элира Титиевс.

Талламчо Алаев Илеса дерриг а зийна, ткъа Титиевс дуьйцург алархьама бен а дац, элира.

Оцу юкъанна…

Кхаарийдийнахь Дуьненаюкъарчу футболан федерацино (ФИФА) дIахьедина, ша саготта ю Титиевна гонах лелачунна, аьлла.

Дуьненаюкъарчу стандартца йогIу нийсонан кхел хила еза, боху ФИФА-но.

Титиев лецира кхушеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь. Цунна бехке диллина наркотикаш лелор. Цо а, адвокаташа а чIагIдарехь, полицино доцург кхоьллина.





Губернаторы России
Москва

Собянин поддержал команду кандидатов от «Единой России» на выборы в Мосгордуму





Москва

В Московской области сотрудники Росгвардии задержали подозреваемого в краже электроинструментов


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин рассказал, как переразметка позволяет улучшить движение на дорогах Москвы



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Оркестр

Оркестр, Ансамбль и Рота почетного караула внутренних войск МВД Белоруссии впервые выступят на Фестивале «Спасская башня»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Массовыми патриотическими акциями отметили День России на заводах АО "Желдорреммаш"

Росгвардейцы обеспечили безопасность болельщиков во время матча чемпионата России по регби

Площадь пожара в здании у метро «Динамо» в Москве составляет 400 квадратов


Роджер Федерер

Федерер рассказал о недооценке Джоковича на старте карьеры



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России