Нах байъа бина барт Iорабаьллачул тIаьхьа. ХIун ду хууш Венехь вийначу блогерах, Кадыровн критиках лаьцна?
Вена гIалин йистехь коьртах герз тоьхна вийна Нохчийчуьра схьаваьлла Умаров Мамихан. Политикан мухIажир лору кехат а долуш, Австрехь вехара иза 2005-чу шарахь дуьйна. Документашца вара иза Beck Martin. Ичкерин заманахь, 1998 шарахь дуьйна цо болх бина мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь талламчин даржехь. Ша цо билгалдоккхура, ша пачхьалкхан ШариIатан кхерамзаллин министраллин белхахо вара, олий. Вевзара Умаров Мамихан "Венера Анзор" цIарца. Гоьвелира иза цхьа хан хьалха, цо Оьрсийчоьнан... Читать дальше...