Кадыров а, цуьнан хIусамнана а, церан доьзал а "Iаьржачу тептаре" баьхна Америкас
Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто. "Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттазза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийна урхаллан пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь. Читать дальше...