Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июль
2020

Новости за 21.07.2020

Анзор дIавуллучохь: "Бекхам боцуш хIума ца дуьссу"

Radiomarsho.com 

Кху беттан юьххьехь Австрехь вийна Нохчийчуьра политикан эмигрант Умаров Мамихан (Венера Анзор) доккха орца а даьлла, дIавоьлли. Полисхой а, къайлахчу сервисийн белхахой а цхьана бара ха деш, тIеозийна. Цуьнан тезетахь гулбеллера нохчийн диаспоран векалш, Анзоран гергарнаш, доьзал. Цунах йиссина хIусамнана Зарема тешна ю, тешнабехкаца шен цIийнда вийнарг Кадыров Рамзан ву аьлла.

КадыровгIеран санкцеш, Венехь Анзоран дIаволлар

Radiomarsho.com 

Iазапаш лелийна аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а санкцеш дуьхьалъяьхна Америкас; ткъа Помпео Майк Нохчийчу кхойкху Кадыровс, "къамел дан"; тахана Венехь лаьтте кховдийна беттан юьххьехь вийна нохчий политикан эмигрант Умаров Мамихан

Австрехь дIавоьллина "Венера Анзор"

Radiomarsho.com 

Тахана, шинарин дийнахь, Австрин коьртачу шахьарехь дIавоьллина вийна нохчийн политикан мухIажар Умаров Мамихан (Венера Анзор). Венерчу Лизинг олучу бусулбачийн кешнашкахь лаьтте кховдийна Умаров аьлла. Тезетахь хилира нохчийн диаспоран векалш а, иштта Умаровн гергара нах а, бевза-безарш а. Верриг а бIе гергга стаг вовшахкхеттера цу барамехь. Коронавирусан пандемина тIехула тоьхна дозанаш бахьана долуш тIехсов нахана дихкинера цига бахка. Кешнийн гобаьккхина ха деш полисхой а, Австрин къайлахчу сервисийн белхахой а хилла. Читать дальше...



Йоккха ши топ а карахь Кадыровс зорбане даьккхинчу суьртах лаьцна комментари йитина Песковс

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан бахархойн бакъо ю герз лело а, Iалашдан а. Де хьалха шиъ йоккха топ а карахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо зорбане даьккхинчу суртах лаьцна, цу кепара комментари йитина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. "Нагахь санна, низамашца а догIуш, хьан герз а делахь, иза цIартIе а даьккхина, лело а, латтон а бакъо елахь, кхузахь цхьа а проблема яц", - аьлла, журналисташка дIахьединчу Песковн дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло. Иштта билгалдаьккхина Песковс, "бен дац, хьо могIарера вахархо велахь а... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 3 стаг велла тIаьххьарчу буса, 332 стагана ун даьлла

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а  кхо стаг велла коронавирусан инфекцех, 332 стагаца къастина лазар. Цамгарца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь а, Дагестанехь а, Краснодаран махкахь аа цхьацца велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус яьржичхьана кхелхина 922 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь 109: Ставрополан кIоштахь +109 (7 099 ву эпидеми яьржичхьана) Краснодаран махкахь + 78 (7 340) Дагестанехь... Читать дальше...

Кадыровна а, цуьнан доьзална а - санкцеш. ХIинца 10 "кадыровхо" ву Американ таIзарна кIел

Radiomarsho.com 

«Адамийн бакъонаш луьра хьешарна» Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто рогIера санкцеш дуьхьалъяьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. "10 шарал а сов хенахь дуккха а адамийн бакъонаш луьра хьешарна, Iазап латторна, еш кхел ел а йоцуш, нах байъарна Кадыров жоьпаллехь хилар гойту бакъ информаци ю Департаментан долахь", - боху Американ Цхьанатоьхначу Шатийн пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дIахьедаро.   Санкцеш хьовсийна Кадыровн зудчунна Меднина а, шина йоIанна – Iайшатна а, Хадижатна а – дуьхьал. Читать дальше...

Кадыров: "Помпео, вола Нохчийчу, къамел дийр ду вайша"

Radiomarsho.com 

Шена дуьхьал санкцеш яьхначу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаре Помпео Майке вистхуьлуш видео дIаязйина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, иза республике а кхойкхуш. Пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпанино социалан машанашкахь яржйина ролик. Кадыровс ша кийча ву боху, Госдепан Iаьржачу тептаре ша ваккхаран бахьанех дийцаредан. "Помпео, вола, кхузахь чIогIа хаза ду. Къамел дийр ду вайшимма. Хьовсур вай, хьан муьлха бакъонаш йохайо", - боху Кадыровс цавашарца. Оршотан суьйранна хаамашкахь даьржира... Читать дальше...

Краснодарехь летта нохчий а, Липецкера туристаш а

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра бахархой а, Липецкера туристаш а Краснодаран кIоштарчу Архипо-Осиповка олучу эвлахь леташ видео яржийна интернетехь. Цигахь хиллачара дийцарехь, регионе баьхкинчу хьешашца хиллачу йоIана тIехула иккхина хила тарло дов, яздо "Комсомольская правда" газетано. "Кху беттан 15-чохь хилла хIума ду иза. Цара хIун къевсинера хууш дац билггал. Инициатор мила вара а ца хаьа. Бакъду, вовшашка боьха бага леян буьйлабелира уьш юьхьанца, юха чуччабахара. Кавказхой ницкъе а хилла, алсам зенаш туристашна хиллера. Читать дальше...

Дуьненчохь коронавирусан ун даьллачийн терахь 14,7 миллионе гIоьртина

Radiomarsho.com 

Дуьненахь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь 14,7 миллионе гIоьртина. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а 230 эзар стаг тIекхетта вирус йолуш. Пандеми яьржичхьана кхелхина цунах 609 806 дархо. 8,2 миллион сов стагана дарба хилла. ХIопкинс Джонан Университетан проекто далийна цу кепара зераш. COVID-19 вирусо зен динчу пачхьалкхашлахь ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ (3,8 миллин ву ун даьлла). ШолгIачу могIарехь язйина ю Бразили (2,1 миллион стаг), кхоалгIа меттиг дIалоцу ХIиндойчоьно (1,1 миллион). Читать дальше...

Кадырова Iайшат "йоккхайоь" ша Америко "Iаьржачу тептаре" яккхарна

Radiomarsho.com 

Американ Цхьанатоьхнчу Штаташа оршотан дийнахь шена дуьхьал санкцеш яхарна дуьхьал жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIа Кадырова Iайшата инстаграмерчу аккаунтехь, яздо Фонтанка.ру ресурсо. "Даим а, массо а хIумана тIехь сан дена тешаме гIоьнча хир ю со. Суна хетара, айса кIезиг лоцу гIо кхин башха хаалуш а дац, цундела ца моьттура хIордал а дехьарчу пачхьалкхехь а суо оццул гоьяьлла хир ю, сан цIе цхьана тептаршка а язъеш. Бакъду оцу цхьана факто кхин цкъа а тешам бели суна... Читать дальше...



Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» легально изготавливает армии и спецслужбы. 6 серия. СЕРЬЁЗНЫЙ НОВОСТНОЙ СЕРИАЛ.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Более трех миллионов человек посетили фестиваль «Москва на волне. Рыбная неделя»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

VK Fest

ГК «Садовое кольцо» приглашает уфимцев посетить первый VK Fest в Башкортостане




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Вышел второй подкаст онлайн-лектория «Иннагрика» о возможностях аграрной генетики для молодых исследователей

МегаФон привёз спасателям и пожарным грузовик связи

Пассажир остановившегося в тоннеле метро поезда рассказал о происходившем в вагоне


WTA

Пресс-служба WTA мемом отреагировала на тяжёлую победу Свёнтек над Осакой



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Преступления мигрантов с рынков азербайджанского олигарха Года Нисанова продолжают шокировать Москву



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России