Хаамийн гIирсаш: ФСБ-но харц кехаташ кечдина хилла Хангошвили верца доьзна лаьцначу зудчунна
Германино нохчийн тIеман баьчча Хангошвили Зеламха верца доьзна лаьцначу Красиков (Соколов) Вадиман зудчунна харц документаш делла хилла ФСБ-но. Оцу хьокъехь хаам баржийна, Der Spiegel, Bellingcat, The Insider порталаша бинчу талламна тIе а тевжаш, МБХ ресурсо. Майра Iоравоккхуш зорбанехь талламаш арабевлла дукха хан ялале, шайн йоцчу цIерашца даьхна кехаташ а долуш, кеманца аннекси йинчу ГIирме баха новкъабевлла хаабелла Красиковн зуда а, церан йоI а. Даьхначу кехаташ тIехь цхьана шарна хийцина ю шина а пассажиран йина хенаш. Читать дальше...