Шема ваха дагахь хиларна набахте хьажийна Нохчийчуьрчу кхело ши вахархо
Гуьмса кIоштара шина вахархочунна кхел йина, Шема а вахна, бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхойх дIакхета Iалашо хилла аьлла, бехкевина. Мутаев Исламна а, Альбеков Тамерланна а ши шой, бархI буттий хенаш кхайкхийна шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха, цхьа шо набахтехь а доккхуьйтуш. Бехктакхаман гIуллакхан материалашкахь ма-хиллара (Кавказ.Реалиин редакцехь кехаташ долуш ду), царах доьзна доцчу бахьанашца ваханза виссира Нохчийчуьра ши вахархо Шема. Кхелехь Альбеков а, Мутаев а шайна бехкана къера хилира... Читать дальше...