Нохчийн телехьожийлехь рогIерчу "хIумахуучуьнгара" бехкаш даьхна
Нохчийчохь массарна а хьалха бехкаш даьхна рогIерчу "хIумахуучу" зудчуьнгара, цунах лаьцна сюжет гайтина республикерчу "Грозный" телеканалан эфирехь. Евзаш йоцчу зудчо берцан Iов тосу петар чу воьдучохь. Стенгахь яьккхина видео, билгалдоккхуш дац. Цул тIаьхьа, хетарехь, изза зуда ю МВД-н декъехь гойтуш, цуьнгара бехкаш дохуш ву, Нохчийчохь "жинаш арадохуш", Кадыров Рамзанан уллорчу гонера волу "Исламан медицинан Центран" куьйгалхо Эльжуркаев Адам. Муьлхачу низаман бух тIехь лаьцна "хIумахуург", къаьстина дац. Читать дальше...