ГIалгIайчуьра ЦПЭ-н хьаькам вен кечамбарна бехкевечун адвокато дIахьедина талламбар дахдина аьлла
Бакъо йоцуш герз лелорна а, террорхойн юкъараллехь дакъалаьцна а ву аьлла бехкевечу Картоев Iусманан адвокато дIахьедина, бехкбиллар шайггара хиларх а, бехктакхаман гIуллакх таллар дIадахдарх а. Цунах лаьцна хиъна дIасавалар кхин дIа а доьхкуш Буьри-ГIалин Советский кIоштан кхелан кхеташо йирзинчул тIаьхьа. Талламо бехкево иза экстремизмна дуьхьалойаран Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вуьйш декъах хилла ву бохуш. Ницкъахойн версица, Картоевс а, кхинболчара а террорхойн юкъаралла вовшахтоьхна... Читать дальше...