Беро телефон туьйхира: "Мама юьйш ю дадас". ГIалгIайчуьра вахархо бехкево доьзалехь ницкъбарна
ГIалгIайчуьра вахархочунна, полицин белхахочунна Татриев Iумаран хьокъехь таллам болийна Башкортостанехь – иза бехкево шен хIусамнанна а, шина берана а тIехь къизаллаш лелорна. Цуьнан хилла зуда Татриева Аннин да гIалгIа ву. Махкахочуьнга иза маре яхийта лууш вара доьзалан да. Уьш Уфахь Iаш хиллехь а, Татриевас бахарехь, "кавказхойн духехь" кхиийна йара иза. "Цуьнан бага дIасацайе, йа ас сацайо" Шен хинволу цIийнда, ГАИ-н белхахо интернетехь вевзинера цунна. Дукха ца Iаш шега маре йола баха волавелира иза, боху цо. Читать дальше...