Шена дуьхьал политикан репрессеш лелийна аьлла кхелехула статус йаьккхина Нохчийчуьрчу йахархочо
Соьлжа-ГIалин Заводскойн кхело къобалдина Радуева Малкана Нохчийчоьнан МВД-н хаамийн сервисана дуьхьал чуделла административан арз, хьалхо цунна дуьхьал политикан репрессеш лелийнера аьлла кехат дала дуьхьал хилира хьукмат. Шен доьзал депортацехь болчу йукъанна Казахстанерчу Адыр эвлахь дуьненчу йаьлла Соьлжа-ГIалара йахархо. Кхелехь Радуева Малкана (маре йахале Дидиева фамили йара цуьнан) дийцира, шен да-нана Дидиев Абумуслим а, Аюла а 1944-чу шарахь Казахстанехь даха декхаре хилла бохуш. Нохчийчоьнан... Читать дальше...