Нохчийн президент лаьттина Масхадов Аслан вийна 16 шо кхечи
"Ас тоьшалла до Масхадов Девкар-Эвлахь хиллачу тIематасадаларшкахь вийна хиларх. Иза лечкъана хилла оцу юьртарчу цхьанан цIийнан бухарчу бункерчохь», - аьлла бара Шабалкинан хаам.
Масхадов Аслан вина 1951-чу шарахь Казахстанерчу Карагандинскан кIоштахь.
Масхадов Асланан дакъа хIинца а цуьнан гергарчу нахе дIаделла дац. И дIавоьллина меттиг йийца реза ца хуьлу Оьрсийчоьнан Iедалш, иза террорхо хилла бохуш.
