"Нефтяной полках" тIеман дакъа дийр ду аьлла Кадыровс
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, мехкадаьттан комплексан гIишлош ларъен урхаллехь йоцу махкарчу Росгвардин полицин полкехь, меттигерчу бахархошлахь "Нефтеполк" аьлча, дика евзаш йолу, кхин тIе а нах вовшахтохар дерзийна аьлла. ХIинцале а йолчу полках тIеман полк йийр ю.
Полк кхолларх дийцаредина Кадыровс Къилбаседа Кавказан гонашкарчу къоман гвардин эскаршна тIехь куьйгалла дечу Делимханов Алибекаца, хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь.
"Цу юкъа [керлачу полке] вогIур 2000 эскархо… Алибек Султановича хаийтина, оцу полках дIакхета луурш де-дийне алсамбовлуш хиларх. Карарчу хенахь 600 кандидат ву, царех 200 хIинцале а чекхваьлла тIеман лоьрийн комиссих. Иштта къастийна декъан командир а.", - яздина Кадыровс.
"Нефтеполк" вовшахтуьйхира Нохчийчохь низамашкахь йоцчу мехкадаьттан бизнеца къийсам латто. Цуьнан Iалашо яра дийнахь-бусий ха латтор мехкадаьтта доккхучу гIишлошна тIехь а, мехкадаьттан биргIанашна а, легалехь доцуш мехкадьатта арадоккху массо каналаш дIакъовлар а, мехкадаьтта доккхуш, къайлах болх бен заводаш гучуяхар а.
"Нефтеполкехь" хаавелира тIаьхьара вайна хилла Умаров Мовсар. Иза лецира 2020-чу шеран товбеца-беттан 18-чохь цо болх бечу Соьлжа-ГIаларчу ресторанехь. Полисхоша дIахьедира, оппозицин нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон видеошка хьоьжуш хиларна, цунна тIе бIаьрг хIоьттинера шайн аьлла. ШолгIачу дийнахь полицин белхахоша цуьнан гергарчаьрга хаамбира, Умаров "Нефтеполке" дIавелла аьлла. Марсхьокху-беттан 7-чохь маса цига тIедуьйла элира Умаровн гергарчаьрга. Церан аьтто хилира лаьцна вигинарг ган. Умаровн нанас бахарехь, цунна тIедожийнера, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а "шайтIанаш" дIалеца оьшу мукIарло де аьлла, ца хуьлчу далахь 15-20 шо хан тоьхна, набахте хьажор ву аьлла. КIентан гергарчаьрга хаамбира, талламан барамаш дIахьочу хенахь иза ведда аьлла. Стаг верца доьзна бехктакхаман гIуллакх айдира, делахь а, и таллар доьазлагIа сацийра.