Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Декабрь
2022
1 2
3
4
5 6 7 8 9
10
11
12
13
14 15 16
17
18
19 20 21 22 23
24
25
26 27 28 29 30
31

Нохчийн ницкъахой байъарна чувоьллинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочо эха шарахь 40 латкъам бина ФСИН-на дуьхьал

0
Нохчийн ницкъахой байъарна чувоьллинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочо эха шарахь 40 латкъам бина ФСИН-на дуьхьал

Низам лардаран органийн белхахой байъарна бехкевина, 21 шарна чувоьллина волчу Тангиев Тимура кху шеран мангал-баттахь дуьйна Науран кIоштан кхеле а, Нохчийчоьнан Лакххарчу кхеле а 42 административан латкъам хьажийна, № 2 йолчу Чернокозоверчу колонина дуьхьал, иштта Нохчийчухула йолчу ФСИН-н а, МВД-н а урхаллашна дуьхьал а. Ша чохь латторан хьелаш низамца догIуш дац боху цо. Латкъамийн доккха дакъа листа а ца луьстуш йухадерзийна цуьнга.

Тангиевс чIагIдора, колонин белхахоша цуьнан долара хIуманаш схьайаьхна , цхьа а бух ца балош, царлахь цуьнан гата, маркераш, йовха бедар, куй а хилла. Иштта цо дийцина, лоьрийн гIо ца до шена, низамехь а доцуш профилактикан чоьте ваьккхина ша, оьшу хьелаш доцучу автозакаш чохь дIасавигина, иштта латкъамаш бина кхин а, чувоьллинчо бахарехь, чохь латторан хьелаш хьешарна. 

Науран кIоштан кхело йухадерзийра Тангиевн административан латкъамаш, амма Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело билгалдаьккхира, латкъамехь бух буьйцуш бац аьлла, цундела хьалхарчу инстанцин кхеле йухаберзийра цара и.

Кавказ.Реалиин сайто йаздарехь, Тангиевс латкъамаш бора шена изоляци йарна а, "кхерамазаллечу меттиге" чуволларна а, ФСИН-н белхахошна хетарехь, тутмакх ша цхьаъ чохь латторан чоь йу йуьйцург. 

2003-чу шеран Чиллан-баттахь Соьлжа-ГIалара вахархо а, ши милцо а вийна, бандиталла, талораш лелийна, герз лачкъийна аьлла, бехкевинера хьалхо Тангиев Тимур. 2004-чу шарахь кхело чохь даккха 24 шо хан кхайкхийра цунна, гIуллакх юхатоллучу хенахь 21 шаре охьаяьккхира хан. ХIетахь адвокато чIагIдора, бехккъасторхоша озабезамашца листина, ткъа цхьа могIа тешаша билгалдоккхура, цунна бехке дохку зуламаш дина бохучу заманчохь Тангиев кхечу меттигехь вара бохуш. 2013-чу шарахь ЕСПЧ-кхело 45 эзар евро кхачийра цунна талламаш дIахьочу хенахь тIехь гIело латтийна аьлла – лаьцначо дIахьедора, ницкъахоша йиттира шена, шен дегIа тIехь цигаьркаш дIайойура, ток йоеттийтира бохуш. Цо чIагIдо, бехкаш тIелаьцна ша, шена тIехь Iазап хьегийтича аьлла.

Гезгамашин-беттан 26-чохь бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Командо" "Арифметика пыток" аьлла рапорт арахийцира Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахула долчу хьолах. Бинчу талламашца а догIуш, Къилбаседа Кавказ ша цхьаъ бен йоцу регион ю, масех шарахь шайгарчу бакъонел совбуьйлуш, ницъбинчу ницкъахойн хьокъехь цхьа а таIзар ца кхайкхийначех.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Велла дIаваллалц набахтехь таIзар такха кхел йинчу Ражаев Мансура Оьрсийчоьнан финансийн министралле кховдийна иск ах къобалйира Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело, низамечу хенахь цуьнан кхелан гIуллакхах йистъяьккхина цахиларна. ГIаттамхо лаьттинчо шена динчу зенна дуьхьал 300 эзар сом тIедожийнера, кхело иттозза лахбира оцу ахчанан барам.





Губернаторы России
Москва

Собянин: в Москве начался сезон фонтанов





Москва

Весенние субботники прошли на предприятиях «Московского» филиала ООО «ЛокоТех-Сервис»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: В столице открыт сезон фонтанов



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Баста

Рэпер Баста благословил девушку на брак во время своего концерта




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Москве завершился Кубок России по спортивному программированию

Учитель из Бутово стала «Гуру физкультуры»

Шествие трубачей и уроки танцев: что ждет посетителей парков Москвы в майские праздники


WTA

Как Рыбакиной стать второй ракеткой мира: расклад от WTA



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


PR time

Концерт «7 хитов И.С.Баха» в Эрмитажном театре



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России