Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Декабрь
2022
1 2
3
4
5 6 7 8 9
10
11
12
13
14 15 16
17
18
19 20 21 22 23
24
25
26 27 28 29 30
31

Нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон ваша ша вер кечдарехула йолчу кхелехь дакъа лоцуш ву хIинца а

0
Нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон ваша ша вер кечдарехула йолчу кхелехь дакъа лоцуш ву хIинца а

Нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон ваша Абдурахманов Мухьаммад ша вер кечдарехула йолчу кхелехь дакъа лоцуш ву хIинца а. Къоьвлинчу кепехь дIахьош йу кхел, зен хиллачун кхерамазалла ларйархьама а, иштта немцойн лерринчу сервисан белхахо оцу зуламна декъехь хила мега аьлла шеконаш хиларна а.

Абдурахмановн хьокъехь рогIера кхелан ладегIарш гIуран-беттан 21-хь хилира, гIуран-беттан 22-чу дийнахь кхин а цхьа кхел йу хила йезаш, рогIера ладегIарш дечкен-баттахь хир ду, йаздо "Кавказский узел" зорбано, Мюнхенерчу латтан Лаккхарчу кхелан пресс-секретарна Лафлер Лоранна тIе а тевжаш. Хьаькамо билгалдаьккхира, Абдурахманов Мухьаммадан "бакъо йу, амма декхар дац кхелан ладегIаршкахь дакъалаца".

Оцу гIуллакхехула волчу адвокатана Кюнне Йоханна тIе а тевжаш, Абдурахмановс кхелехь дакъалацар тIечIагIдира бакъоларйархочо. "Немцойн-кавказхойн йукъараллин" хьалханчас Маас Эккехардо. Кюннес журналистийн хеттаршна жоьпаш ца делира.

2020-чу шеран гIуран-баттахь Германин низам лардаран органаша сацийра Абдурахманов Мухьаммадна тIелатар дар. Кху шеран мангал-баттахь Мюнхенехь оцу гIуллакхехула кхел йолийра. ФРГ-н прокуратуран хаамашца, коьртачу бехкевечунна – Нохчийчуьрчу вахархочунна Дадакаев Валидна – республикерчу ницкъахоша тIедиллина хиллера Абдурахманов вер. Талламна хетарехь, йаздора "Немцойн тулгIено", блогеран ваша вен аьлла хиллера Дадакаевс потенциале киллере А. Тамерлане, амма цо Абдурахмановга дийцина хиллера тIелатар кечдарх лаьцна.

Мекленбург-Передняя Померания Конституцин латта лардаран Урхаллин белхахо хилла Дадакаевна гIо деш, хIинца и даржах ваьккхина, чIагIдо немцойн Sueddeutsche Zeitung зорбано. Цуьнан баккъала йолу цIе йуьйцуш йац, амма кхелехь кхечу цIарца дакъалоцу цо – "Петер Граф".

Дечкен-беттан 9-хь Швецерцу радионо Лафлерна тIе а тевжаш хаамбира, блогер Абдурахманов Тумсо дийна ву, шен вешина Мухьаммадна тIелатар кечдарехула йолчу кхелехь кийтарлонаш йала йезаш ву аьлла, цуьнан кхалхарх лаьцна кеп-кепарчу хьасташа йаздора. Немцойн кхелан векалан дIахьедаршна комментари йан дуьхьал хилира Швецин пачхьалкхан кхерамазаллин сервис. Блогеран волу меттиг буьйцуш кхин официалера хаамаш бацара.

Абдурахманов Тумсо дийна ву, Швецин полицин кхерамазаллехь а ву аьлла дIахьедира хьалхо Кавказ.Реалиин редакцига Нохчийн республика Ичкерин урхаллин пресс-сервисехь. Швецин полицин пресс-сервисо оцу дIахьедарх лаьцна кхин комментари ца йира.

ГIуран-беттан 9-гIа де тIекхачалц хууш йацара Абдурахманов Мухьаммадан волу меттиг – цуьнца зIене бовла аьтто ца хуьлура Европерчу диаспоран векалийн а, бакъоларйархойн а, Кавказ.Реалиин редакцин а.

Швецихь Абдурахманов Тумсо вийна аьлла тIечIагIбаза хаам гучубелира къобалйазчу Ичкерин цхьахйолчу телеграм-каналан агIонехь гIуран-беттан 1-чохь. Цул тIаьхьа, гIуран-беттан 5-хь Кадыровн критик верах лаьцна дуьйцура 1ADAT телеграм-канало а, иштта и хаам арахийцира нохчийн диаспоран хьалханчех цхьаъ волчу Масхадов Анзора. Оцу юкъанна цхьа могIа нохчийн йукъаралхой ца тешара, блогер вийна хиларх.

ГIуран-беттан 8-хь оппозицин блогер вийна хила мега къобалйанзачу Ичкерин урхаллин куьйгалхочо Закаев Ахьмада, аьлла дIахьедира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директоро Ахмадов Чингиза.

2020-чу шеран чиллан-баттахь кIело йира Абдурахманов Тумсона Швецехь цуьнан петар чохь. 36 шо долчу блогерна коьртах жIов тоьхнера, амма цуьнан аьтто хиллера тIелеттачуьнгара и схьа а йаьккхина, полици кхайкха. ТIаьхьо киллеро Мамаев Руслана кхетийра, дуьххьара ша блогерна тIехь тидам латто безаш вара, амма "Соьлжа-ГIаларчу наха" шена 50 эзар евро хьехча и ве реза хилира ша аьлла. Кхелехь прокуроро а билгалдаьккхира, "ларша Соьлжа-ГIала вуьгу". ТIелатар дарехула сацам 2021-чу шеран дечкен-баттахь хилира. Мамаевна итт шо хан туьйхира, цуьнца цхьана хиллачу Шапиаева Эльмирина – бархI.

Гезгмашин-беттан 27-хь 30 гергга герзаца болу нах Йоккхачу АтагIа баьхкира Абдурахмановн гергарчу нахе. Царна ультиматум хIоттийра: блогеран дIахьедарш цара ца хийцахь, царна чIир кхайкхор йу аьлла. Цул а цхьа де хьалха Абдурахмановца хиллачу телеграмерчу чатехь Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад зIене велира. Жигархочунна кхерамаш тийсира цо, цуьнан дешнех цуьнан гергарчу нахе жоп долуьйтур ду аьлла дош делира.

2019-чу шарахь Даудовс блогерна Абдурахманов Тумсона чIир кхайкхийра. Кадыров Ахьмад-хьаьжан иэсе цабезам бу шен, и къоман йамартхо хета шена аьлла Абдурахмановс динчу дIахьедаршна дуьхьал тийсина бара и кхерамаш.

Оьрсийчоьнан арахьа бехачу Кадыровн критикашна масийттаза дира т1елатарш. 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а тIемало Хангошвили Зеламха. 2017-чу шеран гезгмашин-баттахь Киевехь йийра нохчо йолу Окуева Амина. И хиллачул т1аьхьа масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчо Махаури Тимур. 2009-чу шеран дечкен-баттахь Венехь герз диттина вийра Кадыровн хилла волу хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу шеран чиллан-баттахь Къатарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла волу Яндарбиев Зеламха.





Губернаторы России
Москва

Собянин назвал инновационные кластеры, которые будут созданы в Новой Москве





Москва

Travel-эксперт Тариел Гажиенко: какую страну выбрать для семейного отпуска


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Главное за день



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Bon Jovi

Голос на исходе // Bon Jovi отметили 40-летие фильмом о себе




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Спортсмены Росгвардии завоевали более 10 медалей на международных и российских соревнованиях по плаванию

В поселке Калининец состоялся этап Чемпионата и Первенства Москвы и МО по кроссу «Кубок Kramar Motorsport»

Росгвардейцы обеспечили безопасность во время футбольного матча в Москве


WTA

Потапова и Павлюченкова вышли в полуфинал турнира WTA в Мадриде в парном разряде



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Архангельск

Спортсмены Архангельска, Новодвинска и Северодвинска приняли участие в празднике «Здоровье для северян»



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России