Шен машенчу наркотик кхоьссина полисхочо, аьлла Титиевс кхелехь
Титиевс латкъам кечбина меттигерчу Талламан комитете цу полисхочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладар доьхуш. Иза Нохчийчуьрчу талламан комитетан куьйгалхочуьнга, я цуьнан когаметте кара дIадала дагахь ву адвокат Заикин.
Селхана, Дечкен-беттан 11-чу дийнахь, Шеларчу гIалан кхело шина баттана лаца сацам бина Титиев. 60 шо долу "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо бехке веш ву 180 грамм наркотик лелорна.
