Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 16.01.2018

Осмаев Адамна тIелатар динчунна велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхо тарло

Radiomarsho.com 

Шайн лаамехь нохчийн батальона юкъа дахначу Осмаев Адамна а, Окуева Аминина а тIелатар динчу киллеро ца дуьйцу хилларг ма дарра, велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхо тарло цунна аьлла журналисташка шинарийдийнахь депутато Геращенко Антона. "Киллер СИЗО-хь ву, кеста цуьнан гIуллакх кхеле дIакховдор долуш ду. Суна хетарехь, шен дуьненчохь яккха йисина хан набахтехь токхур ю цо. Цхьана а кепара кийтарло еш яц цо", - аьлла Геращенкос "Интерфакс-Укаине". ГIадужу-баттахь Окуева Амина йийнарш хIинца а карабахказа бу. Читать дальше...

Каримовс наркотикаш луларчу мехкашкара чукхоьхьуш ю аьлла

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь МежидовгIеран вежаршна тIехь лецначул тIаьхьа къизаллаш лелийна бохуш, яьржина информаци бакъ ца йина мехкан куьйгалхочун пресс-секретара Каримов Iалвис. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой юкъараллана гергахь бехбан гIортар ду иза аьлла цо РБК агенталле/ Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана наркотикашна дуьхьал гIаттийначу кампанехь полицино харцонца бехкзуламан гIуллакхаш а доьллуш, лецначарна тIехь къизаллаш лелайо, боцу бехк тIелацийтархьама аьлла, информаци яржийна Republic онлайн-журнало. Читать дальше...

Цуруев Шарип. Барзин Iожалла

Radiomarsho.com 

Цуруев Шарип. Барзин Iожалла   Хьо сийсара мичахь вара, Барза? Хьо тховса а мичахь хир ву, Барза? Алахь, Барза, мичахь хир ву кхана? – Хьоьга кхойкхуш йоьлхуш ю хьан нана. БIаьргаш лечкъош, лаьттан бIаьра хьаьжна, Шен гIайгIанах шад а бина хьаьж тIехь, Бехке хеташ адам меттаххьадан, ВогIавелла лаьтта къена дада. Хьо сийсара мичахь вара, Барза? Хьо тховса а мичахь хир ву, Барза? – Дуьне дуззал бала кийра эцна, Хьуна елха йиси дагна езнарг. Хьо ца гуш а, ца хезаш хьан йиш а, Са бIарзделла хьийза хьан цхьа йиша. Читать дальше...

Лакхарчу Радан гIишлонна хьалха Путин Владимиран сурт а, Оьрсийчоьнан байракх а ягийна

Radiomarsho.com 

Донбассан реинтеграцех низам луьстучу Лакхарчу Радан  гIишлонна хьалха шинарийндийнахь митинге гулбеллачара Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран портрет а, оьрсийн байракх а ягийна. Маршо Радион украинхойн сервисо бина и хаам. Донбассна Оьрсийчоьно йинчу агрессина дуьхьал низамаш дахар тIедожийнера митинге гулбеллачара. Оьрсийчоьнан пачхьалкх агрессор санна дIакхайкхор ду демонстранташа хьалхатоьттучу низамех цхьа пункт. Пачхьалкхана ша ларъян магийначу ООН-ан уставан 51 артиклна тIетовжу депутаташ. Читать дальше...

Цуруев Шарип. ДIадахнарш ас дагалоьцу

Radiomarsho.com 

Цуруев Шарип. ДIадахнарш ас дагалоьцу   ДIадахнарш ас дагалоьцу, ХIай, латта, ас йо хьан ойла. ХIун дисна ца хуьлуш хьоьца? Ткъа синтем хиллий хьан гойла! Сан латта маьркIажехь тийча, Шарйо ас ка шога берчаш. Ялтин кан хьекъа, хIу дийча, Ткъа гIовттац хьан эгна бераш. Уьш ахьа хьайн кийрахь къуьйлу, Мотт буьллий упханан гIовлех. Цецвуьйлу, латта, цецвуьйлу: И дерриг ахь муха лов-те? Цецвуьйлу: хьо муха лаьтта? Са детта муха ницкъ кхочу? Ма дика ду-кха, хIай латта, Адмийн дог хьан кийрахь доцу.

Данфорд: Оьрсийчоь - Европана уггар а боккха кхерам бу

Radiomarsho.com 

Тахана Европана уггар а коьрта кхерам Оьрсийчоьнера схьа бу аьлла Брюсселехь дIаяьхьначу НАТО-н конференцехь Iамеркан Цхьанатоьхначу штабийн хьаькамийн комитетан куьйгалхочо, инарлас Данфорд Джозефа. Данфорда билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьно шен зарратан герзна а, флотна а модернизаци йина, иштта кибертIемаш боло гIирс кхуллуш а ю иза. 2008-чу шарахь Гуьржийчоьнан конфликтехь Оьрсийчоьно дакъалацарх а, 2014-чу шарахь ГIирмана аннекси яр а дагадоуьйту инарлас. Оцу эпизодашка хьаьжча, ала тарло, Оьрсийчоьно "шен таронех пайда оьцург хилар". Читать дальше...

ГIалгIайчохь герзаш диттина вийна 40 шо долу стаг

Radiomarsho.com 

Назранан кIоштарчу Плиевохь оршоьтан суьйранна шен машенчохь герз диттина карийна 40 шо долу ГIалгIайчоьнан вахархо. Цуьнан дегIаца герзо йина масех чевнаш хилла. Дарбан хIусаме дIавига кечвечу хенахь кхелхина иза. Бехкзуламан гIуллакх долийна, талламаш бу дIахьош оцу инцидентна гонах. Вийначу цхьана полисхочун гергарчара чIир екхна хила тарло аьлла яздо "Интерфаксо". "Кавказ.Реалии" портале ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан векало бинчу хаамца, хиллачух масех верси юьхьарлаьцна, толлуш бу. "Интерфаксан" хьостано дийцарца... Читать дальше...

Нохчийчохь полисхоша харцонаш лелош яц аьлла чоьхьарчу гIуллакхийн министро

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь полисхоша тIеIаткъам а беш, наркотикаш лелош ду шаьш бохуш, бехкаш тIе а оьцуьйтуш, кегийрхошна дуьхьал зуламан гIуллакхаш доху аьлла, Republic сайто яздийриг харцдина Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. "Новости" агенталло бо и хаам. Шинарийндийнахь Оьрсийчоьнан сайто наркотикашна дуьхьал гIаттийначу кампанехь, полицино харцонца бехкзуламан гIуллакхаш а доьллуш, лецначарна тIехь къизаллаш лелайо, боцу бехк тIелацийтархьама аьлла, Republic онлайн-журнало шаьш бина талламаш Iорабаьхна. Читать дальше...



Титиев Аюба кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан президенте

Radiomarsho.com 

Лаьцна латточу Соьлж-ГIаларчу бакъонашларъяран "Мемориалан" декъан куьйгалхочо Титиев Аюба кехаташ дахьийтина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран а, ФСБ-н директоре Бортников Александран а цIарах. "Кавказ.Реалии" портало бо и хаам. Цаьргахь ю документан копи а. Титиевс шен кехата тIехь яздо, шена дуьхьал даьккхина гIуллакх бух боцуш хиларх а, шен машенчу наркотикаш полисхоша кхийсина хиларх а. Бехк тIе ца лоцу бакъонашларъярхочо. "Нагахь ас бехк сайна тIе лацахь... Читать дальше...

Даудовс хоьтту, стенгахь ю Литва

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзан Литвано "Магнитскийн тептаре" ваккхарх шена хетарг аьлла парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Карладоккху, шинарин Iуьйранна Литван мигранцин департаментан сайта тIехь зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан 49 вахархо юкъахь а волуш Iаьржа тептар. Оцу тептаре баьхна, шайн пачхьалкхе бахкар а доьхкуш, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан гIовс Алаудинов Апти а. Оцу керлачу хаамо самукъадаьккхина шен аьлла Даудовс. Читать дальше...

Freedom House: Маршонан тIегIа лахлуш ю дуьненчохь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 12 шерашкахь маршонан тIегIа саццаза лахлуш яра дуьненчохь. ХIора шарахь арахоьцучу шайн рапортехь Freedom House цIе йолчу дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацино 195 пачхьалкхашкара бахрахойн а, политикан а хьал теллинчул тIаьхьа бина и хаам. "2018-чу шарахь дуьненчуьра маршо: демократин кризис" цIе тиллинчу талламехь билгалдоккху, 195 пачхьалкхашлахь 88 -ммо (45 процент) ала мегар ду шаьш маьрша хиларх. 58 пачхьалкхерчу (30 процент) бахархоша дуьззина маьрша ду шаьш ала тарлац. Читать дальше...

Курдойн керла вовшахтуху ницкъаш шаьш хIаллакдийр ду аьлла ЭрдогIана

Radiomarsho.com 

Шеман-туркойн дозанера курдойн кIошташ Iалашъян мисси тIейожорхьама Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIома кIел кхуллу "кхерамзаллан ницкъаш" луьрачу критике даьхна Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Беккъа курдойх а, церан агIончех а лаьтташ хир ду 30 эзар гергга стагах вовшахтуху эскарш. Хонкарарчу митингехь оршотдийнахь вистхуьлуш ЭрдогIана дIахьедина, туркойн Iедалшна шайн бартхо лоручу  пачхьалкхо Туркойчоьнна кхераме хир йолу террорхойн арми вовшахтухуш ю аьлла. Шеман къилбехьа Iамеркан инициативаца кхуллуш долу тIеман эскарш... Читать дальше...

Republic: Наркотикашна дуьхьал йолийначу кампанехь лецначарна тIехь Iазапаш латтадо Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана наркотикашна дуьхьал гIаттийначу компанехь полицино харцонца бехкзуламан гIуллакхаш а доьллуш, лецначарна тIехь къизаллаш лелайо, боцу бехк тIелацийтархьама. Republic онлайн-журнало бина и хаам. Оцу гIирсан хаамашца, дахначу шеран аьхка верриг а полисхоша лаьцнарг ву 70 гергга стаг. Царех цхьаъ ву Межидов Мохьмад-Iела. Прокуратуре цо дахьийтинчу арз тIехь цо дуьйцу, шена ток еттийтарх а, металлопластикан турба еттарх а, шега бехк тIелоцуьйтучу кехаташна куьйгязде бохуш. Читать дальше...

Соьлж-ГIалахь хIусам елла Бакура схьаялийначу къаночунна

Radiomarsho.com 

Азербайджанехь тилаелла, ша Нохчийчуьра ю аьллачу 104 шо долчу йоккхачу стагана Алиева Мадинина Соьлж-ГIалахь хIусам елла. "Кавказан узел" агенталло хаттам бинчу бахархошна хетарехь, махкарчу Iедало шайна пиар еш орца кхачийна оцу къаночунна. Маршо Радионо яздира шен сайтехь, Азербайджанехь карийна 104 шо долу Алиева Мадина Нохчийчу дIахьажийна хиларх а. ишта Ноьвр-кIоштарчу Алпатовехь йолчу социалан хьукматехь ханна иза дIатаръярх а. Оршотан суьйранна меттигерчу телевизионан эфирехь сюжет гайтина... Читать дальше...

Каримов: Кадыровна цкъа а интересе яцара Литва

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Литвас Iаьржачу тептаре ваккхар "кIад" болуш хIума дац, цкъа а интересе ца хетта Кадыровна и пачхьалкх аьлла, дIахьедар дина цуьнан пресс-секретара Каримов Iалвис. "Еххачу хенахь Кадыров шайн пачхьалкхе варе сатийсинчу Литван Iедалшна халахетар дан воллу со. Кадыровс ваха сатуьйсучу мехкашлахь цкъа а ца хилла Литва", - аьллачу Каримовн дешнаш даладо "Новости" агенталло. Нагахь санна Литван Iедалхойн Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашца бала хилча, царна хаа дезара кхузахь уьш тIехдика ларъеш хилар... Читать дальше...

Литвас санкцешна юкъа вахийтина Кадыров Рамзан

Radiomarsho.com 

Литван миграцин Департаментан пресс-центран векалша еарийдийнахь зорба тоьхна "Магнитскийн тептаран" шайн аналогна. Оьрсийчоьнан 49 вахархо ву цу юкъахь, Вильнюсна хетарехь, коррупцин зуламашна а, ахчанаш даарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а бехкеболу. Оцу нахана дихкина ду Литва бахка. Департаментан сайта тIехь кхозу санкцийн тептар. Iаьржачу тептарехь верриг а 49 Оьрсийчоьнан вахархо ву. Ву царлахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, Магнитскийн гIуллакх листина Бастрыкинан гIовс... Читать дальше...

Титиев Аюбана тIе лоьраш ца буьту

Radiomarsho.com 

Шеларчу изоляторан белхахоша чохь латточу бакъонашларъярхочунна Титиев Аюбана лоьраш тIе ца буьту. Медицинан чоь яц изоляторчохь, цуьнан гIуллакх толлучуьнгара бакъо ца хилча йиш яц шайн бохуш, лор ца кхачаво Титиевна тIе. КIирандийнахь лаьцначун чуьра гергара нах махках бевлла, Iедало бечу тIеIаткъамах. Карарчу беттан 9 - чохь лецира "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб. ШолгIачу дийнахь Куьрчаларчу цуьнан цIа чохь беха цуьнан вешин доьзал чуьра ара а баьккхина, догIанаш шайца дIадаьхьнера полисхоша. Читать дальше...




Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России