Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 27.01.2018

Довзийтина "Ведучи" курортан мехаш

Radiomarsho.com 

Курортийн куьйгалхоша довзийтина, канатан некъийн цхьана денна леринчу паспортан мехаш. «КСК» (Къилбаседа Кавказан курорташ) олучу акционерийн юкъараллан директоро Тимижев Хьасана дийцарехь, уьш хIиттийна, цу регионерчу бахархойн таронашка хьаьжжина. Иштта, кху 2018-чу шарахь ломан-когсалазийн сезон чекхъяллалц баккхийчарна духкучу билетан мах хир бу 400 сом. 6-13 шераш долчу берашна уьш духкур ду 200 соьмах. Мехаза курортерчу канатан некъех пайда эца аьтто хир бу 5 шо кхачанза берийн а, 75 шарал тIехбевллачу баккхийчу нехан а... Читать дальше...

Sasapost: Нохчий Шемахь. Цхьаберш Оьрсийчоьнца луьра тIом беш бу, кхинберш шпионалла лелош бу

Radiomarsho.com 

Шемахь тIом беш болу нохчий кхаа декъе бекъабелла бу, бохуш яздо Мисарарчу Sasapost зорбанан гIирсо. Цу артиклан чулацам бала бо inosmi.ru портало. Артиклан авторо Мирфат Ауфа (Mirfat Auf) дийцарехь, нохчийн цхьа тоба Шеман территори тIе кхечира, цигахь конфликт йолалуш, революцин тобанашца цхьаьна цу махкарчу режимца а, цуьнан бертахошца а къийсам дIабахьа. ШолгIа тобан декъашхой дIакхийтира "Исламан пачхьалкх" (ДАIИШ) олучу тобанах. Ткъа кхоалгIа Москохна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а мутIахь йолу нохчех лаьцна тоба Шема хьажийра... Читать дальше...

 Iамеркехь зорбане даьхна Лесин валарх лаьцна кехаташ

Radiomarsho.com 

Iамеркан талламан сервисан бюроно (FBI) интернетерчу шен сайта тIехь зорбане даьхна Оьрсийчоьнан медиамагнат а, зорбанан министр а, президентан Путин Владимиран хьехамча а хилла Лесин Михаил валарх лаьцна цхьадолу кехаташ, хаам бо "Iамеркан аз" портало. 2015-чу шарахь Лахьан-беттан 5-чу дийнахь Лесин карийнера Вашингтонерчу отелехь ша вехачу чохь. Таллам бича гучудаьлла иза йиттина вийна хилар. Зорбане даьхначу документашца а догIуш, лечу хенахь иза тIех сов малар мелла а хилла.   Федералан Талламан Бюроно накъосталла а деш... Читать дальше...

Йоккха стаг йийна Нохчийчохь некъахьовзамехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь Ищерскера ГIизлара боьдучу некъахь хилла некъахьовзам пIераскан сарахь. Нохчийчуьрчу МВД-н зорбанан сервисо бинчу хаамца, «Шевроле» машен дуьхьал кхетта ВАЗ-21104 машенна. И бахьана долуш йийна 67 шо долу зуда. Чевнаш хилла машенлелорхо дIакхачийна Шелковскин кIоштан клинике. Хилларг толлуш ю полици.

Амстердамехь гIалин юккъехь герз диттина, цхьа стаг а вуьйш

Radiomarsho.com 

Амстердамехь гIалин юккъехь герз диттина, цхьа стаг а вуьйш, кхин а шиъ чевнаш йина ву. ТIелеттарг къайлаваьлла. Иза лоьхуш ю полици. Бохам хилла меттиг го ьина ю ю, масийтта куп юкъа а лоцуш. Герз тохар хиллачу кIоштахь юкъахдаьккхина транспорт дIасалелар. Цунах лаьцна хаам бина Нидерландийн полицин твиттерехь. Тешаш дуьйца, тIелатар динчу стеган коьртах боьллина ша тайпа юхькъовлуш болу куй бара бохуш. Полицино и хаам комментарий а йоцуш буьтуш бу. Хилларг теракт ю-яц къастош ду.

ПIаьнгазара бахархой цхьаьнакхета лууш бу коьртачу прокурорца

Radiomarsho.com 

Гуьржийчохь ПIаьнгIазарчу бахархоша дуьхьалонан акци дIаяьхьна Дуисехь, Мачаликашвили Темирлан вер хьокъехь бакъболу таллам дIахьо бохуш, хаам бо «Гуьржийчоь онлайн» агенталло. Гулбеллачара дийцара, таллам бахлур а бу, цхьа а жамI а доцуш дIабоьрзур а бу бохуш. Мачаликашвилин да-нанас кхайкхам бина Гуьржийчоьнан Iедалшка кхерамазалин сервисан куьйгалхо балхара дIаваккхар а, шайн кIант вийна нах кхеле озор а доьхуш. ПIаьнгазара бахархой цхьаьнакхета лууш бу коьртачу прокурорца Шотадзе Ираклица... Читать дальше...




Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России