Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2018

Мел кхераме ю Mylistory?

0
Мел кхераме ю Mylistory?

Саламова Елена

 Технологийн говзанчаша дуьйцу, информаци  Iалашъярца, нехан къамелаш чохь кхабарца муха ю керла программа

 Бутт хьалха Facebook, Instagram компанеша шайх дIакъастийначу Кадыров Рамзана дIахьедира, Нохчийчоьнан шен ю уьш санна йолу программа - Mylistory, ша цига дехьаволу аьлла.

Цунна тIаьххье, оцу социалан машане язбелира,  Iамерканнаш боллучохь а битина, Лорд (Даудов Мохьмад) а, кхин а цхьаболу Кадыровна гонера нах а.

Mylistory ян а ю доккхачу декъанна изза Instagram – суьрташ а даржадало, тегаш а хIиттаяло, «доттагIий» а лехьабало, хаамаш дIаса а кхехьийтало. …Амма информацин кхерамзаллах лаьцна хеттарш-м лела пайдаэцархошлахь.

Масала, AppStore чуьра программа зуьйчара иштта яздо: «Шеко кхуллу оцу программано, КХЕРАМЕ Ю. Сайн суьрташ тешо а, ур-атталла геолокаци гайта а ца хIутту со, юьстахарчу пайдаэцархошка информаци дIаяла а сахьт дац». «Ца ваьхьа схьаэца. Мел хьо Iалашво хаа а аьтто ца бо, информаци къовлуш шифр а яц, и бохург ду, шун йозанаш, логинаш, паролаш – дерриг а - Мохьмадан (Эсхановн – программа кхоьллинчун, «Кавказ. Реалиин» билгалдаккхар) карадоьду бохург».

Арз хеза кхин а цхьаъ – цкъа йиллина агIо дIа ца йолу, аккаунт дIа ца къовлало.

Интернетехула наха яржо йолийна телефонца яьккхина скрин: «программано муьлххачу хенахь а ша-шеггара дIаязъян йолор ю аудио», «хьоьга ца хоттуш, программано муьлххачу хенахь а даха тарло суьрташ, видео».

Программаш язъечу говзанчаша довзийтира "Кавказ.Реалии" корреспондентна мел тешаме ю Mylistory.

«Apple я Google доларчу  программийн туьканашкара программа схьаоьцуш елахь, кхерамзалла ю, цара и аг о чIоггIа ларйо», - боху говзанчаша.

Пайдаэцархой кхоьручех дара хIара а: Mylistory программа чуэцначу телефонашлахь массеран а яц «геолокаци» схьаелла я чIагIа таро луш функци. Говзанчаша дац боху иза кхераме.

«Нагахь санна программано геолокаци хоьттуш а яцахь, цо цунах бац пайдаоьцуш. Суьрташ, аудио ша долаэцарх программано яздеш нислахь а, цо уьш ца хьейо», - тешна бу говзанчаш.

Делахь а, хаттар дуьсу – хIунда оьшу программина геолокаци а, суьрташ а, кхийолу информаци а хетта?

Аккаунт дIа ца яккхаялар я агIо дIа ца къовлаялар дузу Mylistory йинчара шайн иза ян сихбеллачохь дитинчу гIалаташца. Иштаниг кхечу и санначу программашца кхечу компанешна нисделла меттигаш дуккха а бу, боху хуучара.

Mylistory шеконе юьллу хеттарш кхин а ду пайдаэцархойн – масала, программин бакъо ю «идентификатор» йовза, cookie файлаш схьаэца, иштта кхидIа а.

«Оцу информацех пайда массо а компанеша оьцу – ца эцча, стенгара йолу констекстан реклама? Изза ду идентификаторшца дерг а. Кхераме дац ца олу ас, амма леларг ду».

«Тхуна аьтто бечу агIонийн тоъал барамехь кхочийла ду шун информацина тIе», олий, Mylistory-но бечу хаамо велар а эккхийтира "Кавказ.Реалиина" хьехамбечун!  

«Муьлхха а информаци шаьш шайна ма-луъу долаерзайо бохург дуй иза? Дера ду кхераме къамел-м!» - элира говзанчаша.

Цара бахарехь, юьззина кхерамзалла ю бохучух теша мегар дац.

«Дукхахйолчу компанеша ло информаци кхоалгIачу аг Iонашка. Къайленаш юьззина Iалашйо ала данне а дац. Эрна дац цхьаболучара видеокамерна тIе кехат латор, яц иза паранойя», - билгалдоккху говзанчаша.

«Информацина шифр еттарх аьлча, хIета а вета а шун йозанаш дуьсуш ду, логинаш, паролаш юьсуш ю программи чохь. Шифр – цо хийрачу нахах ларйо шун къайленаш, амма программи чохь-м юьсу уьш».

Аккаунт дIаяккхарх: «Яц иза дIайолуш, вайна гучура-м йолу, ца го-кх. Информаци базанашкахь хIета а юьсу, оцу маьIнехь цхьа а социалан маша бац тешаме. Масала, лерринчу хьукматийн векалша ехча, мел чIогIа къайлах яржийна информаци а ю  Iораяла тарлуш».

Нагахь санна, шайга ладогIарна, сурт даккхарна шаьш кхерахь, ша программа яккха еза телефончуьра дIа, боху говзанчаша.

 

«Программа официалехь информацин туьканчуьра схьаэцна елахь, цу чохь хуьлийла дац вирус. Вирусо бен дойла дац хьан кисинарчу телефонна тIехь урхалла», - чIагIдо къамелдинчара.





Губернаторы России
Москва

Собянин рассказал, как переразметка позволяет улучшить движение на дорогах Москвы





Москва

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Главное за день



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

VK Fest

Топ-5 самых обсуждаемых, громких и неожиданных выступлений на VK Fest — Баста, INSTASAMKA, Лолита, Полина Гагарина и Сергей Лазарев




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Путин обратился с приветствием к участникам Спортивных игр стран БРИКС

Росгвардейцы обеспечили безопасность болельщиков во время матча чемпионата России по регби

Путин приветствовал в России участников и гостей Спортивных игр стран БРИКС


Бьянка Андрееску

Бьянка Андрееску: «Мне нравится, что на траве, поскольку она намного быстрее грунте, меньше времени на раздумья»



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Українські новини

Досвідчені садівники обирають великі технічні горщики для своїх рослин і квітів



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России