ГIалгIайчохь герзаш диттина вийна 40 шо долу стаг
Бехкзуламан гIуллакх долийна, талламаш бу дIахьош оцу инцидентна гонах. Вийначу цхьана полисхочун гергарчара чIир екхна хила тарло аьлла яздо "Интерфаксо".
"Кавказ.Реалии" портале ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан векало бинчу хаамца, хиллачух масех верси юьхьарлаьцна, толлуш бу.
"Интерфаксан" хьостано дийцарца, вийнарг шо хьалха Магасехь цхьана доьзалехь иккхинчу конфликтан декъахь хилла вара. Полисхой а бара цу доьвнна юкъахь. ХIетахь, къаьстачу зудчун а, майрачун а гергарнаш гулбелла, бахам цушинна юкъахь боькъучу хенахь, дов иккхича, герз тоьхна цхьа полисхо вийнера, 4 стагана чевнаш йинера, шайлахь шиъ полисхо а волуш.
