Нохчийчохь бакъонашларъярхой Iедало хьийзош хилар бакъ ца до Кремло
"ДIахьош талламаш бу оцу гIуллакхна гонах, талламхошна бен хуийла дац, мел бух болуш ду и дIахьедарш", аьлла, тIетоьхна Песковс.
ГIалгIайчохь "Мемориалан" офисах цIетасар хьахийча, "тайп-тайпана ши республика, Оьрсийчоьнан ши субъект ю и шиъ" аьлла, къамел дерзийна пресс-секретара.
