ГIаттамхойн декъехь лаьттина аьлла, набахте хьажийна Нохчийчуьра вахархо
Нохчийчоьнан 27 шо долу вахархо Дудаев Р. кхеле озийна аьлла, хаамбина махкарчу ФСБ-н урхалло шен сайтехь.
Заводской кIоштан кхело Дудаевна дуьхьал айдинчу гIуллакхан материалаш теллинчул тIаьхьа, 208-чу артиклца бехк тIе а чIагIбина, набахтехь даккха пхи шо хан а тухуш, итт эзар сом ахчанца гIуда хьарчийна цунах.
ГIаттамхойн декъехь латтар, бакъо йоцуш герз а, тIеман гIирс а эцар, бохкар, лелор ду оцу артиклна юкъадогIуш.