Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Январь
2018

"Титиев лацар президентана дуьхьала йина диверси ю"

0

Наркотикаш карийна аьлла, лаьцна волчу бакъонашларъярхочуьнан Титиев Оюбан адвокатана Заикин Петрна терго еш тIаьхьахIиттина лелаш нах бу Нохчийчохь, дIахьедар дина "Мемориало".

Кху тIаьхьарчу шина дийнахь цуьнан машен доьазза сацийна некъан патрулан сервисан (ДПС) полицино. Некъан инспекторша, кехаташ теллина ца Iаш, адвокатан а цуьнца машенахь болчеран хIуманаш а кегийна.

Цу хьокъехь а, Титиевн гIуллакхах лаьцна а дийцира адвокато Заикин Петара, Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

- Хьуна тIаьхьабаьхна нах лелийтарца хьо "бакъонашларъярхоша лелориг бахьана долуш дарбеллачу бахархойх" Iалаш ван гIерта Нохчийчуьра Iедалш я хьуна Iаткъам бан гIерта уьш?

- Цкъа делахь, кхузахь бац дарбелла бахархой. Кхузахь дерг вуно чIогIа диканиг луу нохчийн халкъ ду. Ткъа кхузахь леориг со араваьлча суна тIаьхьа терго яр ду. Цу терго яран Iалашонех со цкъаччунна кхеташ вац. Низамашца догIуш доцург цхьа а хIума деш дац тхо.

Схьахетарехь, иза дан деза аьлла омра делла нах кхоьруш хир бу, Титиев Оюб кIелхьарвоккхуш оха информаци лахьош, царна там бийр боцу хаамаш тхуна каро мегара аьлла. Цундела оха лелориг шайн тидамехь латто гIерта уьш.

- Ткъа вуьштта, кхин кхерамаш туьйсуш хIума-м ца леладо хьуна Нохчийчохь?

- Бакъдерг ала деза суна дуьхьала болчерах. Билггал суна кхерамаш тасар я кхерам тосур бу аьлла къадор хIинццалц хилла дац.

- Муьлхха а лортIехь волчу стагана вуно доккха тохар ду Iедалша лаьцна чуволлар. Муьлхачу хьолехь ву Титиев Оюб?

- Цхьана юкъана юкъана вуно гӀийла дог-ойла йолуш вара иза. Шена беш онда Iаткъам хиларна, шен гергарчеран кхоллам бахьана долуш саготта вара иза. Амма бехктакахман гIуллакх долор ду бохуш, кхерамаш туьсуш хьийзийна хилла шен гергарнаш кхерамазаллехь бу хиъча, мелла а сапаргIат делира цуьнан. Кхеташ ма хиллара, гергарчу нехан кхолламана сагатдар муьлхха а лортIехь долчу адамехь долуш ду.

-  Оьрсийчоьнан Iедалшка Титиев дIахецар дехна цхьамогIа пачхьалкхаша а, дуьненаюькъарчу вовшахтохараллаша а. Кадыровс дIахеца мегий иза?

- Шина декъе доькъур вай иза. Юридикан агIор цуьнан бакъо яц иза дан. Амма Нохчийчохь хIоьттина хьал тидаме эцча, цхьа шеко а йоцуш, Iедалша бечу сацамашна, шайна юкъахь полици а йолуш, республикан куьйгалхочунна хетачо Iаткъам бийр хилар долуш ду. Нагахь Кадыров Рамзан Ахмадовича мелла а тидам тIебохуьйтуш хьажа деза вай хIоьттинчу хьоле аьлла, Титиевх лаьцна шена хетарг аьлча, тIаккха хьал, шеко а йоцуш, дукха чIогIа хийцалур дара.

- Ткъа Кадыров дагахь вуй Титиев дIахеца?

- Сан вуно йоккха шеко иза хир ду бохучух. Титиев Оюба, кху хIоьттинчу хьолехь, цхьанна дагна Ӏаьткъарг диначух тера ду. Цо шена дуьхьалбаьхна Iедалан векалш. Иза ду кху хIоьттинчу хьолан бахьана. 

 - Делахь а, ши бутт баьлча президентан харжамаш хир бу Оьрсийчохь. Уьш дIаберззалц чувоьллина а латтийна, амнисти йина, Титиев дIахеца мегаш ву аьлла ца хета хьуна?

- Дала лардойла и гIуллакх суьде кхачарх а, иза бехке веш кхел ярх а, амма суна ца хета, наркотикаш лелош зулам дарна чубоьхкинчу нахана амнисти хир ю аьлла. Ткъа харжамашца доьзна аьлча, бехк ма биллалаш, тIекхочуш харжамаш а болуш, бакъонашларъярхо лацарал а доккха Оьрсийчоьнан Федерацин президентана дуьхьала дина боьху хIума хIун хир ду ала хала ду.

Нагахь иза Нохчийчоьнан полицин векалша, кхета а кхеташ, динехь, иза вуно йоккха диверси ю Оьрсийчоьнан Федерацин президентана дуьхьала йина йолу. ХIунда аьлча, хала ду цул тIехдаьккхина цхьаъ дан, Оьрсийчоьнан Iедалх нохчийн тешам байа, тIекхочуш Оьрсийчоьнан президентан харжамаш а болуш.





Губернаторы России
Москва

Собянин поздравил всех социальных работников с профессиональным праздником





Москва

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Жанна Агузарова

Певица Агузарова станет специальным гостем премии МУЗ-ТВ




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Мастер-классы по созданию крафтовых украшений проходят в центре Москвы

Уверенная победа россиян на турнире ONE FRIDAY FIGHTS 66

Вратарь "Краснодара" Сафонов вернулся в Москву после матча с Белоруссией


WTA

Соболенко, проигравшая Андреевой, потеряет 2-е место в рейтинге WTA по итогам «Ролан Гаррос», уступив его Гауфф



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Группа "Три дня дождя" выступила на открытии новой сцены в Лужниках



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России