Anti Kadyrov YouTube-канал къевлина ю
Ша Нохчийчоьнан яхархо ю бохучу жимачу зудчо кхайкхамаш бора шен видеошкахь Кадыров Рамзане а, цунан нене Айманига а, махкахь нах лечкъор сацаде бохуш.
"Грозный" пачхьалкхан телехьожийлехь гайтинчу сюжетехь Iораяьккхира оцу зудчун цIе, иза хиллера Францехь еха Гучигова Iайшат. Цуьнан гергара ду шаьш бохучу наха цхьабоса дIахьедира эфирехь, и зуда ГIалгIайчохь яьхна хиларх а, цуьнан психикаца проблемаш хиларх а.
Anti Kadyrov каналан агIон тIехь хиллачу видеошка еарийдийнахь хьажа аьтто бац, долахочо аккаунт дIаяьккхина аьлла яздо.
