Oxfam: 80% сов бахам долахь бу 1% нехан
Уггаре а хьал долчу нехан бахамаш алсамбевлла дIадаханчу шарахь 762 миллиард долларна. Оццу хенахь кху дуьнентIерачу ах бахархойн хьал хийца ца делла, хаам бо Oxfam вовшахтохаралло.
"Миллиардераш алсамбовлар экономика кхиаран гайтам бац, экономикан къепе хIаллакъхиларан гайтам бу", - аьлла цуьнан директоро Бьяньим Виннис.
Цо бинчу кхайкхамца, сацо деза цхьацца бахьанаш а лоьхуш, концернаш а, хьал долу нах а ял яларх кIелхьарбовлийтар, язо "Немцойн тулгIено".
