Чатаевна гIо дарна рогIера стаг лаьцна Гуьржийчохь
![Чатаевна гIо дарна рогIера стаг лаьцна Гуьржийчохь](https://gdb.rferl.org/6583B11E-3791-493D-8DD2-41A1D2497920_w800_h450.jpg)
Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисан контртерроран департаменто, суьдо бинчу сацамана тIе а тевжина, Тбилисехь лаьцна меттигера вахархо Бердзенишвили Анатолий, хаам бо "Гуьржийчоь онлайн" хьастано.
Кхерамазаллан сервисан таламхоша чIагIдарехь, и стаг Туркойчуьра веана хилла Гуьржийчу Чатаев Ахьмадна а, цуьнан накъосташна а гIо дан.
Бердзенишвилис, Горнакашвили Зурабах а, Идоидзе Зурабах а дIа а кхетта, гIо дина Чатаевн тобанна, туркойн-гуьржийн доза а хадийна, Кирнати-Марадиди олучу хьунан мохане дIакхача.
Цу нахана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх толлуш ду, бохаман тIаьхьало а йолуш, террорхошна ахчанца я кхечу тайпана гIо дина аьлла.
Нагахь лецначеран бехк хилар суьдехь гучудалахь царна хенаш тухур ю 17-20 шо набахтехь даккха, я уьш чубухкур бу баллалц.